ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхох лабораторехь зуьйш долу дийнаташ деш ду". ГIебарта-Балкхаройчоь а, вакцинаци а


ГIебарта-Балкхаройчу медикашна тоха коронавирусна дуьхьало ечу вакцинин мехий деана Москвара. Молха шозза тоха лерина а ду, лаам болчунна бен а ца туху, билгалдоккху мехкан могашаллин министралло. Амма кIезиг теша меттигера медикаш юьззина теллина а йоцу Оьрсийчохь кхоьллина вакцина кхераме яц бохучух.

"42 доза схьадеана республике. Тоьхна 34 медицинан белхахочунна. Пачхьалкхан могашаллин министралло бахарехь, карара шо дерзале массо а бахархошна ян йолор ю вакцинаци. Массарел а хьалха тухуш ю вакцина медикашна, педагогашна, социалан белхахошна", - элира Кавказ.Реалиига меттигерчу могашаллин министраллехь.

Ткъа буй вакцинаци шайна яйта реза ца хилла медикаш, хаьттича, и тайпа информаци шайгахь яц, жоп делира медицинан урхалло.

Оьрсийчуьрчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, ГIебарта-Балкхаройчохь коронавирусах цомгуш хилла 8574 вахархо, велла уьнах 110.

Махкахь цхьаболчу лоьрашна вакцинаци яр тергалдечу лоьрашлахь дукха бу шайна тIехь эксперимент дIаяхийта шаьш реза дац бохурш. Кавказ.Реалиин редакцино хиттира медикашка, муха мах хадабо цара вакцинаци йолоран, аьлла.

Лор-инфекционист Арахова Алеся язъелла вакцинаци шена яйта рогIе. Цо ша реза ю боху шена маха тохийта.

"Ас гриппна дуьхьал яйтина сайна вакцинаци, цундела коронавирусна дуьхьал маха бутт баьлча тохийта дагахь ю. Вакцино коронавирус доьза йойъур ю аьлла хета суна. Со теша и дарба дика хиларх а, лело тешаме хиларх а. Ткъа цхьа жима ант доцуш яц цхьа а вакцина, - элира Араховас.

Эксперименташ йо наханна тIехь

Лор-иммунолог Марина яхаза ю шена вакцина яйта.

"Кху муьрехь гриппна дуьхьал вакцина ю тухуш. Цхьаьна тоха йиш яц ший а маха. Цкъа керлачу коронавирусан вакцинин мах официалехь хаддолц, со реза яц и сайна яйта. Со кхета, лабораторехь дийнаташна тIехь санна, тхуна тIехь зуьйш ю и вакцина, ткаъ билггал хууш дац иза мел кхераме ю. Цундела я дуьхьал а, я иза иза хастош а ала хIума дац сан. Бакъду, ун шуьйрра даьржаш-м ду тахана, оцу бахьаница вакцинаци шайна яйта луурш а бу дукха", – билгалдаьккхира лоьро-иммунолога.

Вакцина эвсаре хиларх шек ю Нальчикера педиатр-инфекционист (цунна ца лиира шен цIе йоккхийла). Цунах коронавирус хьакхаелира ша цомгушчарна тIехьийизачу юкъанна, тоелла хIинца.

"Вакцина мел пайде ю – иза хууш дац дуьззина, хан ца тоьина иза зен. Делахь а, цхьацца вакцинаш бахьанехь дуьнентIехь дукха адам дийна дисина. Ас йойтур яра сайна вакцина, амма со лайна яьлла коронавирус, иммунитет ю соьца, хуур ду-кх хиндерг", – боху лоьро.

Цунна хетарехь, яьржина лела цамгар шех кхетар яц ала хIуттийла дац цхьаьннан а. Вакцина цхьаболучарна хьалха яр, кхечарна - тIаьхьататтар, иза нийса ца хета шена, элира педиатро.

Х1ораммо цхьабосса т1е ца оьцу тоьхна молха

"Бераша атта лов, симптомаш а йоцуш,я кIезиг хаалуш – цундела коронавирус дIасаяржораш, шайн доьзалшка дIакхачораш, дукха хьолехь, бераш хуьлу. Берашна мел мега-ца мега и вакцина тоха – иза ца хаьа суна, ца хаьа вирус цкъа лайначу берашна иза юха а мел атта кхета, яц оцу хьокеъхь тоъал информаци. Хууш ду хIора стага шеца долчу лазаршка хьажжина и вакцина тIеоьций, наха цхьабосса ца лов молханаш", – элира медико.

Анастезиолога Аннас а лайна уьнан цамгар, иза а яц шена кхушара вакцинаци яйта дагахь.

"Ас сайна а, сайн гергарчарна а тухуьйтур яцара вакцина. Со ца теша цунах. Со суо коронавирус текхна ю, амма ца теша оцу молханах – теллина дац иза, - элира Аннас.

Коронавирус хьакхаелла дукха нах бу Оьрсийчохь, хIетте а дукхахберш кхоьру вакцинацех. Иштта боху «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино бинчу хаттаман жамIаша: 73% нах ца теша сихаллехь кхоьллинчу молханах.

Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хаийтина пачхьалкхо COVID-I9 уьнна дуьхьал кхин а цхьа вакцина кхоьллина хилар. Новосибирскера вирусологин, биотехнологийн «Вектор» центр ю цуьнан автор. Оцу шолгIачу вакцинина тиллина "ЭпиВакКорона" цIе. Амма и вакцина а ю, шена цIе тиллинехь а, хьалхарниг а санна, клиникан зерех чекхъяккхаза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG