ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Оьрсийчу далийна 27 бер


Шемара 27 бер далош Оьрсийчоьнан тIеман министраллан догIу кема охьадоьссина Подмосковьерчу Чкаловскийн аэропортехь еарин буса. Оьрсийчуьрчу берийн омбудсменан Кузнецова Аннин пресс-гIуллакххоша бина и хаам пIераскан дийнахь.

Кема охьалахдаларца цу чуьра шина шарера кхойтта шаре девлла бераш Подмосковьерчу цхьахйолчу обсерваторе дIадигина. Лоьраша могушалла а теллина, оьшу карантинан барамех чекхдаьхначул тIаьхьа, гергарчу нахе дIалур долуш ду уьш.

"17 бер Дагестане дIахьажор ду, диъ бер Пензан кIошта, шишша бер Тюменан а, Волгоградан а кIошташка, иштта, Нохчийчу а дIакхачор ду", - аьлла пресс-гIуллакххоша.

Коронавирусаан эпидеми бахьана долуш юкъа хан йоьллачул тIаьхьа, хIара кхоалгIа рейс ю бераш далош йина. Карарчу заманчохь Шемарчу Аль-Холь куьпара бераш цIадалор ду дийцаредеш. ХIинцале а ДНК анализаш йина церан.

REGNUM агенталло хаамбарца, Нохчийчуьрчу омбудсменан зорбанчаша дIахьедина, гергарчу хенахь Нохчийчуьра ворхI бер Шемара цIадалор хиларх. Уьш долу меттиг а билгалъяьлла, ДНК-экспертиза ян Iалашонца цаьргара материалаш а ю эцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG