ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: "ТIемалой" хIаллакби, стаг лачкъорна Кадыровн векал бехкеви, хьехархочун корта а баьккхи


Оршот

Ткъех шо хьалха стаг вадийна хилла цо аьллачу шеконашца лаьцна Соьлж-ГIаларчу аэропортехь 51 шо долу стаг. 20 шо сов а хилла иза полицех уьдуш лела. 1988-чу шарахь Ставрополан кIоштахь регионерчу парламентан депутатан кIант лачкъийна, Нохчийчу дIавигина хиллера зуламхоша. Ткъа иза маьршавоккхург 100 эзар долларшкахь ахча дехна хилла. Йийсархо кIелхьарваккха аьтто белира, тайп-тайпана хенаш туьйхира иза лачкъош дакъалаьцначу кхаанна. Цхьаннан ка яьллера ведда вала. Зорбанехь яздарехь, шен цIе а хийцина, Нохчийчохь вехаш хиллера иза. Белхан гIуллакхна кхечу гIала воьдучу заманчохь лаца кхиинера талламчаш.


Шинара

Ницкъаллийн структурийн белхахошна герзаш диттина виъ тIемало вийна Соьлж-ГIалахь аьлла, хаамбира ТАСС агенталле Къоман антитерроран комитето (НАК). Вийнера иштта кхо полисхо а. "Герз охьа а диллий, шайна дуьхьал дуьйла аьлла, тIедожийча, зуламхой автомат йетта буьйлабелира. Оцу тасадаларшкахь виъ гIаттамхо вийна",- аьлла НАК-н зорбанчаша. Иштта, дIахьедо цара шайн могIаршкахь а эшам хиларх. "Ницкъаллийн структурийн кхо белхахо вийна", - аьлла НАК-ан векало. Полисхошларчу хьостанан зерашца, Росгвардин ши белхахо вийна, кхоалгIачунна чевнаш йина. Къоман антитерроран комитетан оперативан штабо дIахаийтина, Соьлж-ГIаларчу Октябрьскан кIоштахь чолхечу хьолан раж кхайкхорах. Тахана, шинарин дийнахь, Соьлж-ГIалахь байъина тIемалой, кхечу пачхьалкхера баьхкина хила а тарло, уьш лоьху дикка хан яра аьлла, дIахьедира оцу сохьта Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь."Террорхойн боламех Нохчийчоь дIацIанйина дуккха а хан ю. Хьалхе дуьйна ницкъаллийн структурашка кхаьчна информаци яра, регионе арахьарчу мехкашкара чубаьхкина зуламхойн тобанхой бу аьлла. Уьш лаца дагахь барамаш бара дIахьош", - яздина Кадыровс.

Кхаара

Соьлж-ГIаларчу аэропортера Туркойчу лела дуьйлалур ду кеманаш карарчу беттан 20-чохь дуьйна аьлла, хаам баржийра мехкан урхалхочун пресс-гIуллакххоша, яздо Интерфаксо. Pegasus авиакомпанино рейсаш йолор ю Соьлж-ГIалара Стамбуле хIора денна.Цул совнах, "ЮТэйр" авиакомпани а ю кху беттан 25-чохь дуьйна Соьлж-ГIалара Стамбуле (Керла аэропорт) денна кеманаш лелийта дагахь. Ткъа беттан тIаьххьарчу дийнахь рейсаш дIайолош ю Pegasus авиакомпанино Соьлж-ГIалара Анталье а.Анталье юьхьанца кIиранах цкъа бен гIоттур дац кема, шоьтан деношкахь. Кхин дIа, карадогIучу шеран Зазадокху-баттера дIа дуьйна денна рейсаш хилийта Iалашо ю церан.Коронавирусан пандеми бахьана долуш Зазадокху-баттахь дуьйна Оьрсийчоьно совцийнера дуьненаюкъара кеманийн дIасалелар.Марсхьокху-баттахь юха карлаехира масийтта пачхьалкхе, шайлахь Туркойчоь а йолуш, кеманийн рейсаш яр. Дахначу кIиранах Соьлж-ГIала кеманаш дIасалела магийначу шахьарийн тептаре яьккхина.


Еара

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь хиллачу векалан Цицулаев Рамзанан гIуллакх теллина дели аьлла, дIахьедира еарин дийнахь. Прокуратурано бехк хилар тIе а чIагIдина, гIуллакх Никулинан кхеле дIахьажийна. ТАСС агенталле бина и хаам кхелан пресс-гIуллакххоша."Цицулаев Рамзанан гIуллакх кхеле кхаьчна, иза бехкевеш ву стаг вадорна а, нуьцкъала ахчанаш дахарна а, иштта баккхийчу барамашкахь ахчанашца курхаллаш лелорна а", - аьлла, дIахьедина пресс-гIуллакххоша. Цицулаевс шена дохку бехкаш тIе ца лоцу. Иштта, кхелан векало бахарехь, оцу гIуллакхна тIехула кхеле озийна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан 16-чу декъан куьйгалхочун хилла гIовс, полицин подполковник Ольшанский Виктор а, цуьнан куьйгакIел хилла кхин цхьа белхахо а. Верриг а бехкала хIоттийна ву оцу гIуллакхан хьокъехь исс стаг. Талламхойн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла ву Цицулаев Рамзан. 2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, Оьрсийчохь и стаг цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира иза. 2017-чу шарахь дуьйна Москварчу СИЗО-хь латтош вара Цицулаев.

ПIераска

Шайн шеконаш эгначу нахаца нохчийн Iедалхоша лелош йолу политика - цхьа бахьана ду гIаттамхойн могIарш шорлуш хиларан. Бакъоларъяран "Мемориал" центро дира оцу кепара дIахьедар, Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштахь дIаяьхьначу леринчу операцех дуьйцуш. ТIемалой бара аьлла, дIехьедира цигахь вийна Борчашвили Рустам а, Байдулаев Казбек а. "Мемориалан" информацица, 2008-чу шеран Охан-беттан 12-чохь дуьххьара лецира Байдулаев, шен 20 шо долчу хенахь. ТIехьа-Мартанарчу полицин декъехь ницкъбина, ша шена тIе бехкаш дахкийтира цуьнга, гIаттамхойн тобанашца дакъалаьцна ву ша а олуьйтуш. Набахтехь яккха ялх бутт хан туьйхира цунна. Оццу шеран ГIадужу-беттан 10-чохь маьршаваьккхира Байдулаев, юха ах шо даьлча, 2009-чу шеран Зазадоккху-баттахь лачкъийра иза. ТIаьхьа шен нене дийцина хиллера цо, кIоштан полисхойн декъехь шена йеттарх, Iазап латторах, ша сийзазварх, юха а бехк тIе а лоцуьйтуш. Кхелехь ма-дарра дийцира Байдулаевс, шена тIехь ницкъбарх а, боцу бехк тIелацийтарх а, иштта, ша хьийзорах а. Ши шо хан кхайкхийра цунна набахтехь яккха хIетахь. Хан яьккхина араваьллачул тIаьхьа а, полисхоша шайн тергонехь латтавора иза. ТIаьхьо бух а боцуш, бехкевира иза 2014-чу шарахь ГIуран-беттан 3-чу буса Соьлж-ГIалахь гIаттамхоша тIелатар дича. ТIаккха дагийра Янди-кIотарара, цуьнан да а, нана а чохь дехаш хилла цIа, доьзалан махкахь бала дийзира."Цхьа а шеко яц, пачхьалкхо къийсам латтон безаш бу терроризмца а, гIаттамхойн тобанашца а, - аьлла хета "Мемориалан" Кхеташонан декъашхочунна Орлов Олегна. - Амма и къийсам шога, низамийн гурашкахь дIабахьа безаш бу. Iазапаш, нах лечкъор, къайлах латтон набахтеш, тIемалойн гергарчийн хIусамаш ягор а - къайлах лелачу тобанхошца Нохчийчохь лелочу кепаша, эххар а террорхойн база шорйо. Вайна гуш ду иза Байдулаев Казбекан кхолламан масалца".


Шотт

Парижана чувуллучуьра Конфлан-Сен-Оноринера колледжан хьехархо вер Францин полицино теракт санна толлур долуш долу. Францхойн хаамийн гIирсаша яздарехь, пIераскан дийнахь урс даьккхина тIелеттачо корта баьккхина хилла хьехархочун. Полисхоша вийна иза лоцучу хенахь. Шен твиттерехь динчу зуламах жоьпалла шена тIе а лаьцна, вийначун сурт зорбане даьккхина хилла цо. Мохьаммад пайхамар аьшнашварна бехкевина хиллера цо хьехархо. ТIелеттачун твиттерара аккаунт дIаяьккхина. Le Monde хаамийн гIирсан информацица, зуламхочехь хиллачу кехаташца, иза ву 18 шо долу, Москвахь вина, нохчийн диаспоран векал Анзоров IабдуллахI. Францин зорбанаша бечу хаамашца, дешархошца дешан маршо йийцаре ечу заманчохь, масала далош цо гайтина хиллера берашна францхойн зорбанашкахь яржийна Мохьаммад пайхамарна ехкина хилла карикатураш. Францин Iедалан официалан векалша емалдина стаг вер. Зулам динчу меттигехь хилира пIераскан суьйранна пачхьалкхан президент Макрон Эммануэль.


КIиранан де

Францехь вийначу хьехархочух комментари еш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира шен Телеграм-каналехь, зуламхочун къома тIехь сеца оьшуш дац, зуламхочун къам хила а ца хуьлу аьлла. Франци "массо а проблемаш нохчашна тIетатта" гIерта аьлла, хета Кадыровна. Анзоров IабдуллахI доллу шен дахар Францехь дIадахана ву, Нохчийчоьнца воьзна иза хилла вац аьлла, билгалдоккху Кадыровс. "Ас чIагIо йо, кхузахь нохчий гунахь бац. Цул совнах, бераллин хенахь шен деца-ненаца Франци дIавахана, цигахь францхошца цхьана кхиина, цаьрца юкъарлонаш лелош, мотт бийцар а, йоза дар а церан маттахь а долуш хилла ву иза", - яздо Кадыровс. Шен постехь Кадыровс дагадоутьйту, Мохьаммад пайхамарна карикатураш ехкина Шарли Эбдо журналан редакцина тоьпаш тоьхар а. Оцу тайпаначу истореша тоьшалла до "исламан мехаллашца цу кепара хIума лелор магийта йиш цахилар" Францехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG