ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьаъ вийна Шарли Эбдон карикатурашна тIехула: мила вара зуламхо, муха тIеэцна Францерчу нохчаша хилларг


Мила вара зуламхо, муха тIеэцна Францехь бехачу нохчаша хилларг яздо Кавказ.Реалиино.

Йоьдучу урокехь дешархошна сатирикан Шарли Эбдо (Charlie Hebdo) журнала тIера карикатураш гайтина хьехархо вийначул тIаьхьа юха а цIеххьашха дийца даьккхина дешан маршонех. Кхечу пачхьалкхашкара чувеана, радикалан исламехь ву аьлла, шеконашкахь волу 230 сов стаг шайн махкара араваккха дагахь бу Iедалхой. Цул совнах, талламаш бийр бу Францерчу 50 сов бусулбачийн ассоциацешкахь.

Бохам балале хьалха хилларг

ГIадужу-беттан 5-чохь Парижана гена йоццучу меттигерчу колледжехь хьехархочо Пати Сэмюэла 4-чу классерчу (12-13 шераш долчу берашна)дешархошца хиллачу урокехь дийцира францхойн юкъараллехь лелачу дешан маршонех. 47 шо долчу хьехархочо дIахьедира, Шарли Эбдо журналехь зорбане яьхна карикатураш гайта воллу ша, нагахь санна, уьш шайна товш яцахь, дешархой-бусулбанаш "масех сукундана" арабовла маьрша бу аьлла.

ШолгIачу дийнахь цхьахйолчу дешархочун нанаеара колледжан директорна тIе. "Дин бахьана долуш, шен йоI класса чуьра араяьккхина хилла" аьлла, дIахьедира цо, хилларг дискриминаци а лоруш.
Колледжан директоро а, урок йинчу хьехархочо Патис а къинтIера а яьккхира дешархочун нана.

Цул тIаьхьа социалан машанашкахь даьржира, бусулба дин лелон кхин цхьа йоI а араяьллера класса чуьра аьлла. Хьехархочо карикатураш гойтучу хенахь кхин дIа ла а ца делла, араяьллера йоI бохуш, дуьйцура.
ТIаьхьо къаьстира, и йоI урокехь хилла йоцийла. Делахь а, цуьнан да ларийра видеокхайкхам зорбане баккха, хьехархо Пати Сэмюэл емалвеш.

ГIадужу-беттан 8-чу дийнахь кхин цхьа да а велира фейсбуке, исламафоби сацаяр доьхуш, колледжерчу дешархой Iаморан кепаш ялхаеш.

Эххар а, хьехархочунна бехкаш дехкина хилла шина а дешархочун дай баьхкина Пати волчу балха тIе. Радикалан хьежамашца ву аьлла, нахалаваьлла Францерчу имамийн Кхеташонан декъашхо Сефруи Iабдехьаким а вара цаьрца цхьана.

Хьехахочунна а, дешаран системана а тIеIаткъамбар санна лерира колледжехь церан бахкар. Дайша арз дира Патина, дешархошна "порнографин" суьрташ гайтина аьлла, бехке а веш. ГIадужу-беттан 12-чохь хьехархочо царна дуьхьал латкъам бира, шена доцург кхоьллина аьлла.

Полисхойн операци

ГIадужу-беттан 16-чохь твиттерехь Ал Ансар ник йолчу цхьаммо Францин президенте Макрон Эмануэле хьажийна йоза дитира. Ша стаг верах хаам бира цо. Вийначу стеган коьртан даьккхина сурт дара цо зорбане диллина. Колледже воьдучу новкъахь битина хиллера зуламхочо ша вийначун корта.

Полицин информациа, зулам динарг ву 18 шо долу нохчо Анзоров IабдуллахI. Зулам дечу дийнахь, ша вехачу меттигера бIе сов километар некъ бинера цо колледже кхача. Дешархошка хиттинера цо, муха карор вара шена Пати Сэмюэл бохуш. Хьехархо болх бина а ваьлла, колледжера араваьлча Анзоровс са долучу метте урс тоьхнера цунна, тIаккха цуьнан корта схьа а хадийна, масех бIе метар дIаваханера, цул тIаьхьа сурт а даьккхина, твиттере хIоттийра.

Масех минот яьлча полицина карийра хьехархочун корта, ткъа 700 метар дехьа цуьнан дакъа а. Кхечу полисхойн тобан бIаьрг кхийтира, зулам динчу меттигна гена воццучохь доккха урс карахь а долуш, жимстаг. ТIаккха йолийра стаг вийначунна дуьхьал лерина операци.

Луларчу цхьахдолчу цIа чохь вехачо дIаязйинчу видео тIехь гуш ду, полисхоша 15-16-зза карара урс охьатаса бохуш, дехарш деш.
Цара бохург ца до Анзоровс, тапча тIе а хьажийна (тIаьхьо хиира, страйкболан герз цуьнгахь хиллийла), кхоьссира.

Дуьхьал герзаш диттинчу полисхоша вийра Анзоров Iабдуллахь ша хиллачохь. Францин антитерроран прокуратурано бинчу хаамца, исс патарма тоьхна хиллера кIантана.

Мила ву Анзоров IабдуллахI?

Прокуратуран информацица, 18 шо долу Анзоров IабдуллахI Москвахь вина ву. 2005-чу шарахь церан доьзал Оьрсийчуьра Польше дехьабелира, мухIажирийн статус а йоьхуш. Амма меттигерчу Iедалхоша тIе ца лецира уьш. ТIаккха Франци бахара уьш. Цигахь а юьхьанца дуьхьало латтийра царна тховкIело яла, амма 2011-чу шарахь апелляцин кхело юхалистира церан гIуллакх.

IабдуллахIан да - Абуезид, цхьа миска къинхьегамхо ву, хадархойн компанехь болх беш ву иза дуккха а шерашкахь. Иза вевзачу нохчаша дийцарехь, бакъахьара стаг ву иза ша. Тулузан кIошташкахь нохчаша бечу балхах а, наркотикаш юхкучаьрца цара лелочу къийсамех а Францин телехьожийлехь йинчу сюжетан турпалхошлахь а вара иза.

Абуезидан воккхахволу кIант вара IабдуллахI. Гергарчара боху, радикалан исламца воьзна ву ала, цхьана а кепара цуьнан леларехь шеко кхоллаяла хIума дацара бохуш.

Францин къайлахчу сервисаша а чIагIдо изза - хьехархо веле хьалха Анзоров IабдуллахI церан тергонехь хилла вац.

Цуьнан деваша тешна ву, интернетехь цхьаммо "иркарахIоттийна" хилла хир ву иза аьлла. Собаре, массаьрца а дика вара иза аьлла вийцинчу девашас гечдар дехна францхошка, цуьнгара даьллачух.

Хьехархо верца доьзна лаьцна, хеттарш деш ду 11 стаге. Ву царлахь IабдуллахIан да а, деда а, 17 шо долу ваша а, IабдуллахIан цхьа доттагI а маьждиган имам Суфруи Iабдехьаким а, цуьнан ши гIоьнча а, иштта, иза вуьйчу деношкахь видео кхайкхамаш бинчу колледжерчу дешархойн дай-наной а.

Прокуроро Рикар Жан-Франсуас хаамбарца, IабдуллахIан дейиша 2014-чу шарахь Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхетта ю. Тахана лехамашкахь ю иза.

Талламчийн хаамца, твиттере яьккхина шен тIаьххьара текст ша зулам дале масех сахьт хьалха телефончуьрчу блокнота тIехь язйина хилла цо.

Францин политикийн реакци

Зулам хиллачу меттиге кхечира масех сахьт даьллачул тIаьхьа президент Макрон Эмануэль а, премьер-министр Кастекс Жан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Жеральд а, кхинболу Францин лаккхара даржхой а. Цул соанвх, ГIадужу-беттан 18-чохь Макрона лерина кхеташо дIаяьхьира пачхьалкхан кхерамзаллан Урхаллаца.

Хьехархо верах лаьцна дуьйцучу хенахь Францин экс-президенто Олланд Франсуас дIахьедина: "Вай "Исламан пачхьалкхна" а, "Аль-Къайдана" а дуьхьал бинчу тIамехь тоьлла, амма тIом берзанза бу".

"Исламистийн харцахьараллана" дуьхьалдовла деза аьлла, кхайкхам бира Ниццан мэро Эстрози Кристиана а.

Францин премьер-министр лаьттинчу Казенев Бернара "республикан символ" - дешан маршо а, йиллина дискуссеш а хIаллакъян гIортар ду аьлла дина зулам.

Хьехархо Пати Пантеонехь дIаволла веза аьлла Къоман ассамблейхь "Республиканцы" партин лидеро Абад Дамьена. "Оцу профессорна хиллачу бохамна терроризм хилла ца Iа бехке, ю бехке йоллу Республика а", - аьлла, дIахьедина политико.

Вийначу хьехархочуьнца а, цуьнан доьзалца а шаьш цхьана хилар гайта аьлла, кхайкхамбо Францин мэрийн ассоциацино массо а пачхьалкхан муниципалитеташка, "шайна хетарг дIаала маршо Iалашъярхьама а, бакъо толорхьама а".

Аьрру коммунистийн лидер Меленшон Жан-Люк воцучо цхьаммо аца дуьйзира хилла зулам нохчийн диаспораца, ца латтийра тидам зуламхо схьаваьллачу къомана тIехь а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жерара дIакхайкхийра, S олучу тептаран могIарехь шаьш латтош хилла, радикалан исламца воьзна хиларца шеконашкахь волу 231 стаг шайн пачхьалкхера аравоккхург хиларх. Кхузахь буьйцурш нохчий хилла ца Iа, хьалха дуьйна къайлахчу сервисаша радикалисташ бу аьлла, шайн чоьтехь латтийна нах а цхьана бу.

Францехь хиллачух нохчашна хетарг

Кавказ.Реалиин къамел дан аьтто баьллачу Парижехь беха нохчий тешна бу, Анзоров IабдуллахIан психика дика хилла хир яц аьлла. Вуьшта хала ду царна цу тайпа хIуманах кхета. ТIе ца кхуьу уьш, Францехь вехачу 18 шо долчу кIентан коьрте муха деана хир ду сил къиза, ирча зулам дан?

Цхьаболчарех хьакха а ца ло стаг вер: уьш тешна бу, ницкъаллийн структураша листа деза зуламхошца доьзнарг аьлла, ткъа бен дац уьш муьлххачу къомах схьабевлла хилар.

Францерчу нохчийн диаспоро, коьртехь Европерчу нохчийн Ассоциаци а йолуш, хьехархо вийначу буса дIахьедира, шаьш "Iадийна" хьехархочун Пати Самюэлан корта баккхаро, иштта, дIахаийтина, шаьш цунна дина тIелатар емалдой а.

Францин президенте а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а шайн позицех хоуьйтуш диллинакехат яздина нохчийн "Барт-Маршо" юкъараллан организацино.

Юьстах ца Iийна сингаттамна Францехь беха гоьбевлла, динца доьзна хеттарш луьстучу юкъараллан векалш а. Доккхачу декъанна, Усманов Сайд-Ахьмада мах хадийна хиллачун, шарIо бахарехь.

Еххачу хенахь Францехь вехачу Бекмурзини Магос дийцина, "тхо тIеэцначу нахана хьалха юьхьIаьржа ву" ша аьлла.
"Францехь кхиъначу кегийрхошна тIом а ца гина, царна ца хаьа шайн дай-наной стенна бевдда бахана, царна ца гина федералан эскарша ен "зачисткаш" а, цара ца лайна мацалла а, ца текхийна генара хи а, йохийначу гIишлошкара дечиг ца гулдина, куьйгайина пешаш лето. Тхо европхоша тIеийцира, дуза а дира, тховкIело а елира, тахана барашна маьхза хьоьхуш ду кхузахь, цундела вайна динарг ган дезара вайна", - эргIадоьху иза.

Ша Iадийна оцу динчу зуламо аьлла, яздина Францехь вехачу Магомадов Хасухас. Che Nohcho аьллачу никца волчо йоза дитина: "Бакъду, муьлхха а ницкъбар емалдо вай, муьлххачу а нохчочунна санна, суна а ца тов сан къомах верх юхахьара лелча, сил къизаллица стаг вийча-м муххале а. Иштта ойла ю соьца уьйрашкахь мел болчийн".

"Оцу кепара, ша дин Iалашдо а моьттуш, хIума адамера далар - дала тохар ду. Хьехархочун са эцна оцу кIанта, шена а, шен нахана а бала бина цо. Иштта, бусулбанаш а, нохчий а къиза бу аьлла, кхолладелла сурт кхин а тIе бакъдина цо", - боху Г. Джохара.

Парижерчу цхьана регионехь болх а беш, ехаш ю Б.Джамиля, цхьаболчу нохчийн реакцино ша цецъяьккхина боху цо: "Кхин тIе а цецйоккху со, цо динарг турпалалла а хеташ, цунах дозалла дечу наха. Стаг вер хилла а ца Iа иза, акхаралла ма ю иза. Цхьана а агIор иза бакъвойла дац, цуьнгара даьллачух иза бехказавоккхийла дац!"

Оцу юкъанна хеттарш динчу дуккхаъчарна ца тов, цхьаболчу хаамийн гIирсаша зуламхо схьаваларан орамаш тIех дукха дийцарна.
Францехь кхиина, цигахь дешна вара IабдуллахI.
Иза кхиинчу гоно валийна иза оцу хьоле, Францино уггар а хьалха хаттар хIоттон дезара - верриг а, Францин дешаран системина чувоьлла ваьхначу 18 шо долчу кIанта шегара цу кепарниг муха долуьйтур ду аьлла, хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчарна.

Доллу нохчийн къомана а, бусулба динна а дуьхьал къайлахбартбар ду аьлла хета нохчий а кIеззиг бац

Францехь вийначу Анзоров IабдуллахIан Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанарчу Шалажехь бехачу гергарчара дехар дина, коронавирусан эпидемица доьзна, шайга кадам бан бохуш, схьа ма гIертахьара шу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG