ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвили, Иванишвили, Кикабидзе я Бурджанадзе. Мила тола мегаш ву Гуьржийчуьрчу парламентан харжамашкахь


Кху беттан 31-чу дийнахь парламентан харжамаш хир бу Гуьржийчохь. Низамаш дохучу лаккхарчу органехь меттигаш къовсур ю 66 политикан партино. Коьрта интрига ю - юьсур ю я яц кхоазлагIа а Iедалехь "Гуьржийн сатийсам" парти бохург.

Гуьржийчохь парламентан урхаллан кеп ю, ткъа 41 процент кхаьжнаш гулдинчу партин бакъо ю министрийн кабинет кхолла. Цундела "Карара Хан" портало бечу хаамца, оцу пачхьалкхехь, цхьайолчу билгалонашца кхолладала мегаш ду цкъа а хилла доцу коалицин Iедал.

Харжамаш тIекхочуш хьалхаяьлла ю "Гуьржийн сатийсам" парти. Иза Iедалехь ю Гуьржийчохь 2012-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна. И парти кхоьллинарг а, карарчу хенахь а цунна куьйгалла деш а ву уггар хьал долу гуьржи Иванишвили Бидзина. Оьрсийчохь цо даьккхинчу хьолан барам лоруш бу 5 миллиард доллар. И ахча дукха ду 2020-чу шеран пачхьалкхан бюджетал а - $4,5 млрд.

"Гуьржийн сатийсамо" деклараци еш ю малхбузехьа йолу курс: харжамашна кечлуш коьрта хьехош дерг ду 2024-чу шарахь Евробартана юкъаяхар Iалашонца дехар дар. Цуьнца цхьаьна дахаран хьелаш лахарчу тIегIантIехь дуьсуш ду Гуьржийчохь, ткъа Iедал бехке деш ду бахархоша махкахь коррупци хиларна.

Юкъараллана хетарг толлуш кху аьхка IRI олучу Дуьненаюкъарчу республикан институто бинчу талламца, "Гуьржийн сатийсам" партехьа кхажтаса дагахь бу 36 гергга процент харжамхой. Гезгмашин-баттахь IPSOS олучу Францерчу талламан компанино бинчу талло гойту и терахь 25% хилар.

Саакашвили Михаил
Саакашвили Михаил

ШолгIачу меттехь ю, хьалха Iедалехь хилла "Цхьааллин къоман болам" парти коьртехь йолу, "Ницкъ бу бертахь хиларехь" цIе йолу коалици. Цуьнан лидер ву Гуьржийчоьнан экс-президент Саакашвили Михаил.

Бакъду, ша иза карарчу хенахь Украинехь ву, реформаш яран Кхеташонна урхалла деш, цIаваха бакъо йоцуш – даймахкахь экс-президент бехкевеш ву пачхьалкхан рицкъ дайарна а, шен даржах пайда оьцуш зуламаш лелорна а. Коалицино хIинцале а дIахьедина: толам баккхахь экс-президент хьалхатоттур ву премьер-министран дарже.

Вахтанг Кикабидзе
Вахтанг Кикабидзе

Партин тептарехь хьалхарчу меттехь ву, хин волу фракцин куьйгалхо гуьржийн актер Кикабидзе Вахтанг. Политикана ша юкъаваха бинчу сацамна комментареш ца йо Кикабидзес. ТIаьххьара бинчу талламашца, "Цхьааллин къоман болам" партехьа кхажтаса дагахь бу 15-17 процент харжамхой.

Хин йолчу парламенте кхача мегаш ю кхин а масех оппозицин парти, шайна юкъахь "Европан Гуьржийчоь" а, "Агмашенебелин стратеги" а, "Гирчи" (Баганан баӀар) а йолуш.

Церан лидерш цхьанахенахь Саакашвиллин накъостий хилла бу. Цхьацца бахьанашца дIабевлла уьш Iедалехь хиллачу партера. И кхуьа парти Малхбузехьа курс йолуш ю. Цхьаьнатоьхча цара гулдан мегаш ду 10-12 процент кхаьжнаш.

"Гирчи" (Баганан баӀар) партин логотип
"Гирчи" (Баганан баӀар) партин логотип

Кхин а цу кеппара йолчу "Лело" цIе йолчу партино гулдан мега 2-4 процент кхаьжнаш. Стохка и парти кхоьллира банкир хиллачу, уггар хаьл долчу совдегарех волчу Хазарадзе Мамукас.

Гуьржийчохь Оьрсийчоьнехьа хетачу партех лаьцна аьлча, парламенте кхача мегаш ю цу кепара ши парти – Инашвили Ирмас куьйгалла дон "Патриотин альянс" а, Бурджанадзе Нино коьртехь йолу "Демократин Гуьржийчо" а. Цу шиммо цхьаьнатоьхча гулдан мегаш ду 3-6 процент кхаьжнаш. Ши а парти лаам болуш ю Оьрсийчоьнца гергарло чIагIдан. Ткъа "Патриотин альянс" партин декъашхоша лела йо Малхбузенна дуьхьал йолу а, наггахь мостагIаллин а риторика.

Цкъачунна цхьана а политикан ницкъо Iедал кхолла оьшу 41 процент кхаьжнаш гулдийр ду аьлла хеташ цахиларна, Гуьржийчохь кхолла мегаш ю коалицин министрийн кабинет.

Гуьржийчоьнан парламент
Гуьржийчоьнан парламент

Гуьржийчоьнан парламентан харжамаш дIахьура бу ийначу 120/30 формулан кепехь. 120 меттиг йоькъур ю партийн тептаршкахула парламенте кхаьчначарна юкъахь, кхин 30 меттиг кочур ю цхьана мандатан мажоритаран харжаман каппашкахь тоьллачарна. Парламенте чекхъяла партино гулбан беза лаххара 1 процент кхаьжнаш.

И кеп тIечIагIйира кхушара Зазадоккху-баттахь Iедалн а, оппозицин а векалша дIадаьхьанчу дийцаршкахь. Оцу маслаIатан сацамо аьтто бира Гуьржийчохь иккхина ира политикан кризис дIаерзо.

Цул тIаьхьа 2024-чу шарахь хин болу парламентан харжамаш дIахьура бу Гуьржийчохь керлачу кепехь: парламент хоржур ю пропорцин система буха йиллина, парти чекхйолу барьер хир ю 5 процент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG