ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешан маршо чIагIъеш кхелхинчу Францерчу хьехархочунна Лараме Легионан совгIат дийр ду


Парижехь вен а вийна, корта баьккхинчу историн хеьхархочунна Пати Самюэлна Францехь уггаре лакхара ларалучу Ларамечу Легионан совгIат дийр ду. Оцу хьокъехь хаам бина BFM телеканалехула Францин дешаран министра Бланке Жан-Мишела.

Орденан командор (совг1атан мехаллин кхоалг1а дарж) лур ду Патина – веллачунна наггахь бен ца ло иза. "Халкъан дуьхьа валаро хьакъвина иза", – дIахьедина министра. СовгIат ден барам хир бу Парижан центрехь Сорбоннехь кхана, кхаарин дийнахь.

Историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийра пIераскана. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна 11 стаг лаьцна. Царалахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Иттех де хьалха, Конфлан-Сент-Онорин школехь доьшучу цхьана йоьIан деца дай-нанойн хьехархошца цхьаьнакхетачу бараме а веана, карикатураш берашна гайтина хеьхархо балхара дIаваккха баьхна хилла цо. Ткъа тIахьо YouTube машанехула видео арахецна Пати Самюэлна бехкбуьллуш.

Баьржинчу хаамаша бахарехь, 2014-чу шарахь Парижехь Палестинин агIолоцуш гIиттийначу гуламашкахь 'ХЬАМАС тобанехьа къамелаш деш а хилла Сефриуи. 2004-чу шарахь волавелла иза бусалба ламасташ, къевлина духар лардарехьа хIитточу акцешка.

XS
SM
MD
LG