ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Горько" аьлчхьана дерриг а дIанисло. Нохчийн ловзарна гонах лаьтта къовсамаш


please wait

No media source currently available

0:00 0:09:13 0:00

ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь йоI маре йоьдуш а, кIантана зуда ялош а хIинццалц лелийна хилла гIиллакхаш дикка хийцаделла догIу.
Цхьаболучара латкъамаш бо моттаргIанаш лелош, тIех сов харжаш ярна, вуьйжуш реза бац, шира ламасташ довш хиларна.
Ловзарш хIитторан кепаш ларъяр тIедожийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ткъа оцу юккъехула шен гергарчеран тойнаш миллиард соьмана машенаш а лоьцуш, беракеманца зезагийн гIаш нускална а, хьешашна а тIе а хьоьрсуш, хIиттадо. Кавказ.Реалиин редакцино теллира, муха хийцаделла Нохчийчуьра зуда ялош а, йоI маре йохуьйтуш а лелла гIиллакхаш, къаьсттина хIун ду нахана цатовриг, мила ву керлачу модана, йа Iедалхоша доьзалехь хIитточу барамашна юкъагIертарна дуьхьал.


"ХIинца диссинарг lу: хинйолчу марнанна дашо чIуг а, цхьа йоккха, исбаьхьа зезагийн курс а эцар", - дерзадо шен къамел Луизас. Шен цхьаъ бен йоцу вешин йоI дIаерзо даймахка еана, дозанал арахьа еха дейиша тIе ца кхуьу, стенна оьцу марнанна мухIар а, зезагаш а.
Зайнапна ма ца хаьа, шен махкахойн дахарера хаьдда, ша цIахь хиланза даьллачу кху итт шарахь дайша бIеннашкахь шерашкахь лелийначу ламасташкахь оццул хийцам хиллийла.

Кхуьнан цецъяларна реза а йоцуш, жоп ло несо: "Ахь хIун дуьйцу, Хаза-ЙоI" ("красивая девушка"), оцу дийнахь уггар а коьртаниг и ма ду! Нускал машенчуьра охьадоккхучу заманчохь, массеран а камераш а, телефонаш а цунна тIехьажийна хьулу. Массо а Iадийча санна, лаьтта, терго еш, хIун ло-те марнанна, муха ду-те цу шиннан дуьххьара вовшахкхетар бохуш. Суна ца лаьа, оцу сийлахьчу мIаьргонехь сайн йоI гIад дайна, миска гайта".

Дуккха а хIума хийцаделла Нохчийчохь хIитточу ловзаршкахь а, иштта меттигерчу бахархойн кортош чохь а.
Шерашкахь схьавогIу республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан, шен ма-хуьллу ловзаршна тIехь терго латтош, церан "башхалла" ца яйта Iалашонца.

"Европхойн кепехь" йолчу нускалийн кучамашна резавоцучу цо, кхечу пачхьалкхашкара кучамаш чукхехьар а дихкира, ткъа салонаш карахь йолчу долахошна тIедожийра нохчийн гIабалеш юкъаяхар.

Иштта дихкира цо ловзар доьдучу дийнахь нускале торт хадаяйтар а, герз кхийсар а, дуккха а машенаш цу дийнахь вовшахъеттар а.
Хьалха а санна, и дерриге а оцу бараман цхьа дакъа ду, ткъа ловзар - и цхьа процесс ю, Нохчийчохь Кадыровга кара ца ерзалуш.

"Нах цецбаха башхалла оьшу"

Ловзарш я кхин барамаш дIабахьарехь дозанаш детташ лаьтташехь, хийцалуш хIума дац, боху Соьлж-ГIалин вахархочо Iусмана: "ТIаьххьарчу кху итт шерашкахь кхин хезаш хIума дац суна: ловзаршкахь хIара леладойтур дац, тезеташкахь важа магор дац бохург бен. Ткъа мила и гIиллакхаш ца лардийриг? Шаьш хьаькамаш бу-кх! Кест-кеста ловзаршкахь гучуюьйлучу модана дуьхьал ву ша бохуш, дIахьедечу Кадыровс, шен вешин кIанта зуда ялочохь миллиард соьмана машенийн кортеж вошахтоьхнера. Ас айса дешна-кх, машенийн ковра бIе тоьллачу автомобилех йоьттина яра бохуш. Дозанаш детта дезара Iедалан коьртехь болучарна, ткъа мискачу стеган цкъа а хир бац оцу кепара хIуманаш лело аьтто".

2016-чу шарахь Кадыровн вешин кIанта нускал далочохь, "Газета.Ru" гIирсо динчу зерашца, миллиард соьме гIоьртинера езачу машенийн ковра. 22 Wraith и Phantom моделан Rolls-Royce машен яра (шайлахь раритетан 1960-чу шарера ши Phantom а йолуш), мел лахара а 30 Mercedes-Benz S-Class автомобиль яра, мел телхина некъ хиларх а, хецна дIайоьду 25 ца кхоччуш ML машен а яра, иштта 20 гергга "Гелендваген" олу машенаш а цхьана.

Ткъа кхечу гергарчу кIанта, кху шеран Гезгамашин-баттахь зуда ялочу хенахь дерриг а дара: герзаш кхийсар а, хьешашна тIехула беракеманашца зезагийн гIаш даржор а.

Францехь еха 55 шо долу Iайшат дуьхьал ю, нохчийн ловзаршкахь дайша лелош хилла Iадаташ хийцарна: "Со кхеташ яц, таханалерачу нохчийн нускалан вастца догIуш дац карахь йолу нускалан зезагийн курс, иза европхойн ламаст ма ду. Тхо кегий долуш, нускалан карахь мерах хьокху, кIайн йовлакх хьулура. Хилийтахьа тахана цхьа жима тIоьрмиг, нускалан аксессуар санна. Амма, иштта ца тов суна, нускало торт хадор а, керла доьзал кхоьллинчу шинна тIехула вертолеташца зезагий гIаш охьахецар а. Вайн хаза ламасташ а, гIиллакхаш а довш лаьтта. "Горько" аьлчхьана, кхин дерг вайн хIинцале а схьаэцна кхечу кхаьмнашкара".

Москвахь бизнес лелош волу Хизир реза вац Нохчийчохь дIакхоьхьучу ловзаршкахь "регламенташ" хIитторна: "Со къахьоьгуш ву, Iедалан ясакх а дIало ас, амма ца кхета со, суна стенна хьоьху маса машен хила еза, маса хьаша кхайкха веза, мел харж ян мегар ду? Юха шарахь сайн кIантана зуда ялон дагахь ву со, и цуьнан дахарехь уггар а деза, коьрта хIума ду. Сайн цхьаъ бен воцчу кIентан той ког хецна хIотто стенна бакъо яц сан?"- цецвуьйлу Хизир.

"Кхоам боцуш ловзаршкахь ахча дайъар- цхьаболчу нехан синдром ю. МоттаргIанаш лелор ду иза, - дуьхьал волу цунна доттагI Юнади. - Цхьа накъост ву тхан юкъара, тхо ресторане доьлхуш, я хьуьнха яй баккха дахча цкъа а кисанахь шай а ца хуьлу цуьнан. Амма, кIантана зуда ялош, йа йоI маре йохуьйтуш бохий ахь, нах цецбаха лаьа цунна, тIаккха карадо ахча а", - боху Юнадис.

Хьалха йоI маре яхийтар а, кIант чуверзор а цхьа доьзалан бен бала ца кхочуш, церан шайн хIума дара, ткъа хIинца дерриг а цIархазмана, нахана хьалха юьхьIаьржа ца хила, шен керлачу захалашна гергахь а юьхь ларъеш леладо. Ткъа оцу юкъанна ширлуш лаьтта дайн оьзда гIиллакхаш бохуш, латкъамаш бо Сиржа-Эвларчу яхархочо Мадинас.
"Тоххара нускало тIорказ дара хьош денцIара юхайоьдуш. Иза дуза хIуммаъ а хала а дацара. Ткъа хIинца иттех чамда а, улло даьхна кхин а тIоьрмигаш а хила деза, оцу чу ца юьллуш хIума а яц. ЙоI кечъярхьама ден-ненан мел а ахчанца эвсаралла лело еза, йа банкера кредит оьцу, йа бевза-безачаьргара духалург доккху. Мел лахара а, миллион сом муххале а деза и чамданаш а, тIоьрмигаш а хьаладуза. Иштта совнах ахчанаш ца духкура тоххара, ткъа хIинца цхьа вовшашца къийса боьлла-кх нах. Иштта халкъан ламасташна пе а бетташ", - боху Мадинас.

"Хийра Европан культура"

Нохчийн ловзарш пхьагӀатехь дIахьош хиларан тоьшалла го Соьлж-ГIаларчу "Беркат" базарахь а. Кхузахь мехах лаца йиш ю кIайн лимузин, нускал схьадало йохуьйту машенаш а кечйо. Ког баьккхинчохь го нускалийн кучамаш а, чамданаш а прокате оьцу лерина туьканаш а, бутикаш а.

2015-чу шарахь ша реза ца хилар дIахьедира Кадыровс, "хийра Европан культура уггар а сийлахьчу, дезачунна - ловзарийн ламасташна а, нускалийн духаршна а тIекхаьчна" аьлла.

"Кху тIаьххьарчу заманчохь моде даьлла европхойн кепехь йиллина, оьзда йоцу кучамаш тIеюхар вайн зудабераша. ХIуъа а дина а, вайн гIиллакхаш Iалашдан деза вай", -аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан урхалхочо республикерчу кIоштийн префекташца хиллачу кхеташонехь.

Махкарчу кIоштийн куьйгалхошна тIедиллира Кадыровс, тIех маьттаза кучамаш чу а ма кхехьийта, йохка а ма йохкийта аьлла.
Юьхьанца чот йоьхначу йохкархоша катоьхна кучамашна пхьуьйшаш тIе а хуьттуш, боккха кач белахь, иза жимбеш, меттигерчу говзанчашка нохчийн гIабалеш тегийта буьйлабелира.

Делахь а, оьцурш кIеззиг бара. Цхьа хан яьлча, Iедалхойн бIаьрг тIера ма тилли, туьканашкахь юха а йохка йолийра "европхойн модехь" йолу кучамаш.

Нускалийн салонан долахо Эльмира реза яц, махкахь дукха хIума доьхкуш хиларна а, пачхьалкхо Нохчийчуьрчу бахархойн дахаран массо а агIонна тIехь тидам латторна а.

"Цхьа хан йогIур ю, церан бала хуьлуш оха тхешан керташкахь лелочуьнца, оха тIеюхучуьнца а, тхо доьлхучу меттигца а, юучуьнца а. Меллалц са детта деза? Карантин юкъаяккхале хьалха Италера а, Туркойчуьра а нускалан кучамаш кхоьхьура ас. Яцара уьш цара ма бохху маьттаза. ХIаъ, тIелетта яра, цхьаерш белшашкахь чекх са а гуш, амма ас даим а болеро олу тIехула кхуллург оьцура хIора кучаца, дукха товш а хуьлура, кучаца йогIуш. ГIабалеш модера евлла дукха зама ма ю. Уьш хоьттуш стаг а ца волу. Зудаберашна кино чохь го исбаьхьа кучамаш, тIаккха царна а уьш хазло. Церан шайн лаам ма бу ишта коч юха а, церан де ма ду иза! Цундела, айса кучамаш интернетехула эца къастош ас церан лаамашка хьожжий, хIума до", - боху Эльмирас.

Салонан долахочо дийцарехь, кучамашца цхьана луш ю цо чамданаш а. Юккъерчу барамехь аьлча, нускалан коч а, чамданаш а яхьа таро ю 40 эзар соьмана тIера 150 эзаре кхаччалц мах белча.

Шеларчу Румисас дийцарехь, кхин а цхьа керла хIума ду юкъадаьккхина, цунна цатовш, - йоI маре йоьдучу дийнахь цуьнан дас-наас шайн хIусамехь юучух стоьлаш хIиттор. УьйтIахь зезагийн арка хIоттайо, шайн йоI тIехула ялийта цIен куз тосу, кинош чохь санна, иштта, суьрташ а, видео а яккха мехах говзанчаш кхойкху, дуьйцу Румисас.

"Сан вешин йоI яра Теркйистерчу нахе маре йоьдуш. Масийтта юьртах а бовьлла схьабогIу замой меца хир бу-кх аьлла, оха йиъ стол хIоттийра чохь. Кеп-кепара салаташ, марзолгаш, йеттина котамаш, манташ, бежанан жижигах а, чIерех йеттина стейкаш. 30 эзар муххале а делира тхан юучух. Суьрташ а, видео а яьккхинчарна 40 эзар сом дала дийзира. Со-м дуьхьал ю оцу хIуманашна, бакъдерг аьлча. Ткъа хIун дийр ду, модана тIаьхьадисса ца лаьа-кх!", - йоьлу иза.

Оцу юкъанна, Чеченстатан зерашца, Нохчийчохь юккъерчу барамехь аьлча, 27 эзар сом бен дац алапа, ткъа меттигерчу бахархоша далхадо, 13-15 эзар ду, бохуш.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG