ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-мохк: Йохийначу шен машен чохь лазийнарг а йитина, ведда автоинспектор


Некъахьовзам а баьлла, йоьхначу шен машен чохь лазийна Iуьллу пссажир а йитина, ведда, къайлаваьлла автоинспертор, хаам бо Ставропол-махкарчу Талламан комитетан декъо.

ГIадужу-беттан 18-чу дийнахь "Георгиевск-Новопавловск" трасси тIехь Ford Focus нийсъелла некъахьовзаме. Иза лелош хилла Ставропол-махкарчу Предгорный кIоштара автоинспектор. Талламчаша дийцарехь, балхах мукъа хилла иза оцу дийнахь.

Цуьнца хилла пассажир чIогIа лазийна. Машена чуьра араяла гIодина цунна некъаца нисбеллачу машенлелорхоша.

Некъан низам дохорна бехктакхаман гIуллакх гIаттийна инспекторна дуьхьал.

XS
SM
MD
LG