ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирусах 45 стаг велла Нохчийчохь


Тахана, ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь Iорадаьхначу зерашца, Нохчийчохь ерриг а 340 761 тест йина коронавирусан ун толлуш.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса 2 173 вахархо чекхваьлла тестех. Бинчу талламашца, 2 586 пациент ву вирус кхетта, тIаьххьарчу 24 сахьтехь кхин а 9 стагаца къаьстина ковид. Иштта ю Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоро йовзийтина статистика.

"2 985 дархо гIоле а хилла, лоьрийн Iуналлера дIаваьккхина, 45 пациент кхелхина", - аьлла бу хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG