ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIедогIуш Iа ду, ткъа чудаха хIусам яц тхан". Муха беха ГIалгIайчохь къизалла лайначу Ажигова Iайшин доьзал


Евлоева Лидия а, цуьнан йоI Ажигова Iайша а
Евлоева Лидия а, цуьнан йоI Ажигова Iайша а

ГIалгIайчохь Сунжа-кIоштан кхелехь къевлинчу рожехь дIахьуш ду 8 шо долчу меттигерчу яхархочун Ажигова Iайшина тIехь Iазап латторца доьзна дов листар. ЙоIан ненан лаам чекхбоккхуш суьдехь дакъалоцуш ю "Правовая инициатива" проект. Кхtл дIайоьдучу юкъана йоI ехаш ю шен ненаца а, вежаршца а Магасехь, заьIап берашна лерина дистанцин кепехь хьехаран центрехь а доьшуш. Амма гергарчу хенахь ши заьIапхо волу доьзал чубаха хIусам йоцуш биса мегаш бу – мехах ханна хIусам лацаран хан чекхйолуш ю.

ДегIан меженаш кегйина а, ягийна а, гангрена а йоуш Несарарчу цхьана дарбан цIийне кхаийнера Ажигова Iайша 2019-чу шарахь Товбецан-баттахь.

Дукха хан ялале бер дIадигира Москва Рошаль Леонидан берийн хирургин Iилманан талламан институте. Цигахь аьтто агIор куьг дIадаьккха дийзира лоьрийн. ГIура-беттан 25-чу дийнахь Iайша араялийтира клиникера, ткъа шолгIачу дийнахь иза цIаялийра нанас. Карарчу хенахь йоIан доьзал бехаш бу мехах лаьцначу петарехь, шайн хIусам церан яц.

ЙоIан дейиша Ганиева Макка лецира Товбецан-баттахь. Дукха хан ялале йоIан зулам дарна шеко кхоллаелира цуьнан майрачух, чоьхьарчу гIуллакхийн белхахочух Марзиев Iийсах. Иза балхара дIаваьккхира полицера, цуьнан лелар "чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахочун цIе бехйеш ду" аьлла.

Ганиева а, Марзиев а бехке деш ду жимачу гергарчу йоIан могашаллина вуно доккха зен дарна. Адвокаташ тIера ца бовла и шиъ бехке дац бохучунна.

Кавказ.Реалии редакцин корреспондента къамел дира йоIан ненаца, ерриг Оьрсийчоь дог лозуш хиллачу берана реабилитаци яр муха дIадоьдуш ду а, хIусамца доьзна хаттар муха кхочуш деш ду а дуьйцуьйташ.

– Iайша дика юкъаметтигаш дIахьуш ю хьехархошца, школе лела иза боккхачу лаамца, - боху Евлоева Лидияс. – Дешаран центр гена яц, цIера 200 метр ю. ХIора денна хьехархошца къамелдо ас. Цхьана шарахь йоIаца хиллачух дозалла дон цара. Iайша хьекъал а, хьуьнар а долуш ю. Оьшуш болу тидам тIекхаьчча аьтто баьлла цуьнан схьаеллаелла. Иза леррина школа ю, хIора дешархочунна шен тидам тIебохуьйтуш.

Классехь 5-6 дешархо ву. Дуьххьара могIарера урокаш хуьлу: математика, оьрсийн мотт, суртдиллар, книжка ешар. Цул тIаьхьа психолог, дефектолог, логопед, кружокаш, театран студи, шахматаш. Дешархоша доьшу Iуьйранна 9 даьлча дуьйна дийнахь 4 даллалц, делкъана хIумакхалла юкъа бовлуш.

Хьалха Iайша кхерара керлачу адамех а, меттигех а, духхьана цуьнца цхьаьна шолехь Iан дезаш хилара со, амма хIинца ган а гуш гIоле ю иза. Берийн беша иза ца лелла, ткъа 6 шо долуш къиза ницкъ бар лайна цо. Амма хIинца иза хийцаелла, дола дар бахьана долуш. Цуьнан ши психолог ву. Школехь воцург кхин цхьаъ вогIу цуьнца болх бан.

– ​Куьг дIадаьккхинчул тIаьхаь муха ларайо Iайша, хIун хаза хета цунна?

– Ша хIуманаш тIеюху цо: пазаташ, колготкаш, тIехула юху бедарш; тетрадаш леладо, къоламаш, ручканаш. Сурташ дохкуш хазахета цунна, къегина беснаш хазахета, бесара сурташ дохку цо: цIенош, машенаш, дегнаш, Iалам. Тайнагаш йитина цо сурташ дахкархьамма. Наггахь ас гIо до цунна, амма дукхачу хьолехь соьга хьожуш ца Iан иза, керла хIума Iамадо, со юкъа а ца гIоьртуьйтуш.

Школан театрехь безам бу цуьнан, цигахь йоIаршца доттагIалла тасаделла цуьнан. Эшарш лоькху хорехь. ЦIахь а, урамехула йоьдуш а тIаьхьара локху цо, шена йиш хезча. Хьалха машенаш ловзош хазахетара цунна, амма хIинца ловзо хIуманех пайда ца оьцу цо, берийн косметикица эксперименташ йо. Дуьне дезаш ю иза, цкъа а сахьийзаш хиъна Iаш ца хьулу, цунах йоккхайейо со.

– Мел яхлур ю Iайшин реабилитаци?

– Билггал хууш дац. Еххачу хенахь бала хьегна ю иза шеца къоршаме хиларна, цуьнан психологин травма ю. Шерашкахь дарба лело дезаш ю йоI, цуьнца болх бан беза говзанчаша. Жигаралла гойтуш елахь а, Iайшера хьал а сагатдойтуш ду. Жаннашца лазар ду цуьнца, масийттазза цIа лоьраш а кхайкхина ас. Латкъамаш бо цо чуо лозу, дог лозу, бохуш. Нальчике йигна цунна лоьрашка таллам байта лууш ю со. Оцу гIуллакхна харж ян еза, ткъа тхан каракхочуш сан а, йоIан а пенси бен кхин ахча дац – иза ца тоьъу.

– Цхьа шо гаргга хан ю шуна ханна хIусам елла. Даиманна а чохь Iан меттиг яларца доьзна хаттар муьлхачу хьолехь ду?

– Кхочушдина даланза ду. ТIедогIуш Iа ду, ткъа чудаха хIусам яц тхан. Мехах лаьцна тхо дехаш йолчу петарх ахча дIаделла ГIуран-батте кхаччалц. Мах дIабалар тхайна тIеэца аьтто бац тхан. Петарах дала 15 эзар сом а, цунна тIе коммуналан хьаштех дIадала деза ахча а дац соьгахь. Цунна тIе Iайшин куьйгана протез эца а еза. Иза кечъяр цкъачунна сецна ду.

ХIусам хьокъехь Сунжа-кIоштан администраце дехар динера ас, лаьттан дакъа доьхуш, хена йохалла тIехь хIусам ян дагахь. Цигахь гIо дийр ду элира, амма и процесс дукха яхъелла. ХIокху хIусамера арадовла деза хан тIекхочуш ю, цо сагатдо сан.

– Верасаллин а, кхин йолчу а социалан сервисаша гIортор йой шуна?

– Уьш сих-сиха богIу. Чохь цIано ю-яц а, шелиг чохь тоъала сурсаташ ду-дац а хьовсу уьш. Мисийттазза гIо а дина тхуна.

– Социалан машанашкахь юкъа-кара бийцаре бан боккху Iайшин кхоллам, ткъа хьуна бехкаш дохку наха. Хьо бехке йон шен хеннахь дIа ца йигарна а, йоI кIелхаьрцаяккхарна а. Хьуна Iаьткъий иза?

– Суна хаьа массо а хIуманна со бехке йой. Иза тидам ца беш дита гIерта со, амма бен а ца хеташ иза дуьтийла дац. Атта ду адам емал дан иза девзаш ца хилча. Дуьненчу яьлчахьанна хала дахар дара сан. Да-нана хиллехь а, иштта нисделла сан дахарехь, безам а, хьастар а доцуш кхиъна со кхечу доьзалехь. Со ца кхета хIун оьшуш бу и машанера комментаторш, царна хетачо муха гIо дийр ду йоIанна? Суна чIогIа деза сайн бераш, сайн ницкъ кхочург дерриг а деш ю со.

***

Стохка ГIуран-баттахь ГIалгIайчоьнан парламентан кхеташонехь Федерацин Кхеташонан декъашхочо Хамчиев Белана дIахьедира Евлоева Лидияна а, цуьнан берашна а Магасехь баха ши чоь йолу петар елла хилар. Дагалаьцна дара цу доьзална даиман а баха хIусам нисйийр ю бохург. Амма иза хIинца а дина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG