ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ОМОН-н а, СОБР-н а хиллачу конфликтехь ши стаг вийна

Нохчийчохь ОМОН-ан а, СОБР-ан а эскархоша дуьхь-дуьхьал герзаш а диттина ши стаг вийна аьлла, хааме даьккхина ТАСС агенталло, ницкъаллийн структурашкарчу хьостана тIетевжина.

"ТIехьа-Мартанахь кафена гена доццучохь СОБР-ан а, ОМОН-н белхахошна юкъахь кхийсарш хилира. Оцу инцидентехь вийна Росгвардин эскархо а, могIарера вахархо а. Карарчу хенахь толлуш ду церан могIаршкахь зенаш хилар", - аьлла агенталле хаам бинчо.

Baza ресурсо дийцарехь, ТIехьа-Мартанарчу "Смайл" кафе чохь дош дашера даларца доладеллера дов. Къаьркъа мелла хилла ОМОН-н ши белхахо, ши ваша Марзабеков Шамил а, Шамхан а кафе чуьра ара а ваьккхина, и шиъ меттавалон гIертара кафен долахо. Оцу хьолехь гIоьнна кхайкхина хилла цо шена вевзаш волу Росгвардин белхахо. Цигга кхаьчна хилла СОБР-н кхо тIемало а.

Юьхьанца уьрсаш а диттина, тIаккха герзашка бевлла хиллера орцах баьхкинарш. Кхаанна чевнаш йина, шиъ велла, яздо BAZA гIирсо.

Хиллачух цкъачунна официалехь дуьйцуш дац. Талламчийн-оперативан тобано зуьйш ду хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG