ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эхашарахь Нохчийчохь 1 511 стаг лачкъорах дийцина IАДАТ телеграм-канало


Гайтаман сурт

Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало статистика Iораяьккхина, Нохчийчохь полисхоша лечкъийначу нахах. Кху шеран Охан-баттера карарчу батте кхаччалц махкахь байначу нехан терахь 1 511 стаге даьлла, церан информацица.

Масала, ГIадужу-баттахь 72 вахархо лачкъийна. Ву цаьрца полицин белхахо, суьдхо, ГIадужу-беттан 12-чохь Соьлж-ГIалахь дIаяьхьначу леринчу операцехь байъинчу тIемалойн гергара нах а, иштта, оппозицин блогеран Магомадов Сайд-Хьусейнан цIийнах болу нах а.

Кху баттахь вийначу Нохчийчуьрчу кхаа вахархочун цIераш йоху блогерша. Телеграм-каналан информацица, бу уьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн гергарчун карах некъан бохамехь вийна Дениев Ахьмад а, Дадаев Руслан а. КхоалгIаниг ву, ТIехьа-Мартанахь хиллачу кхийсаршкахь вийна школан хехо Бердукаев Iела.

IАДАТ телеграм-каналан модератор хилла Тепсуркаев Салман а цхьана, Гезгамашин-баттахь лачкъийна вигира 53 стаг. Нохчийчоьнан Ичкерин дозанал арахьарчу куьйгаллин векал Закаев Ахьмадан гергарнаш а, Кадыровн Австрерчу критикан Мурадан цIийнах берш а, иштта, вийначу Венера Анзоран хIусамненан Исраилова Заремин гергара нах а цхьана бара царлахь.

Марсхьокху-баттахь 144 гергга стаг лачкъийра, Товбеца-баттахь 35, Мангал-баттахь 30, Стигалкъекъа-баттахь 537, Охан-баттахь 640 дIавигира Iедалхоша, хаамбина IАДАТО.

Лаккхара терахьаш хиларх кхетадо жигархоша, хIетахь карантинан дозанаш диттина хиларх, шайна гергахь раж йохийнарш дIалоьцура полисхоша аьлла.

Кавказ.Реалиин корреспондентна IАДАТ телеграм-каналан векало дийцарехь, статистика хIотточу заманчохь, цара пайдаоьцу дIабигинчу нехан гергарчара а, бевза-безачара а бечу хаамех. Шайца къайлах зIене буьйлучу ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьосташа а тIечIагIйо боху цара информаци.

"Масала, полицин белхахочо олу тхоьга, хIоккхул-оццул нах протокол а ца хIоттош, лецна балийна шаьш долчу, амма царех лаьцна кIорггера информаци хуийла дац шена олу цо, кхераме хииларна. Тхайн тептаре яздо оха и терахь а. Масала, селхана Ассиновская олучу эвлара итт жимстаг вигина лачкъийна. Тхуна церан цIераш ца хаьа, хIунда аьлча, гергарнаш тапъаьлла Iа, ткъа полисхошлахь ха дечарна бен ца хаьа, уьш а тергонехь латтош бу", - аьлла, хаамбина каналан векало.

ХIокху информацих лаьцна Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера комментарий еха аьтто ца белира Кавказ. Реалиин.

Гезгамашин-баттахь йиттина, вийра Нохчийчохь хирург Дагаев Салахь. Цо этIийна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу цхьаннан гергара зуда, метта ца йогIуш яларна бехкевинера иза.

Бакъоларъяран "Мемориал" центро хаамбира, ницкъахоша Чечанара ворхI жимстаг лачкъийна вигарх.

Марсхьокху-баттахь къайлахчу набахте дIа а бигина, тIехь ницкъбинера царна. Бакъоларъярхойн информацица, тIаьхьо виъ маьршаваьккхинера, кхоъ хIинца а церан карахь ву.

Ша болх бечу Соьлж-ГIаларчу ресторанера лаьцна вигира кхаа беран да Умаров Мовсар. Ленинск кIоштан полицин декъахь карийра иза гергарчарна шолгIачу дийнахь. Полисхоша дIахьединера цаьрга, "Тумсога ладугIуш хиларна" (оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон YouTubeра эфираш )шаьш тергоне эцнера иза аьлла. УмаровгIарна тахана а хууш дац, шайн стаг дийна ву, йа вац.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG