ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фергюсон Тонис бехк баьккхина Нурмагомедовгара, шех лата кхоьрура иза аьлла


Нурмагомедов Хьабиб шен деца Нурмагомедов Iабдулманапца
Нурмагомедов Хьабиб шен деца Нурмагомедов Iабдулманапца

Американ ийначу кепехь латархочунна Фергюсон Тонина хетарехь, цуьнца лата ца хIуттуш хилла Нурмагомедов Хьабиб, хIара "кхераме оппонент" волу дела. Дахначу мукъаденошкхаь Гейджи Джастин эшийна, ша толам баьккхича спортхочун карьера ерзий ша аьлла, Нурмагомедовс хаийтинчул тIаьхьа дина ду Фергюсона дIахьедар.

Дагадоуьйту, Хьабибан а, Фергюсонан а латар пхоьазза юкъахделира кеп-кепарчу бахьанашца.

"Со цец ца ваьлла, цо карьера ерзийна. Iабдель-Азиз Iелас (Нурмагомедовн менеджер -ред.)шен болх берзий. Iаламат кхерамечу оппонентех кIелхьарваьккхи цо шен клиент. Хьабиб къехкара сох. Оьрсийчуьра кIентий шайн ма-хуьллу къехкара сох. Тамашен хIума ду. Ас сайн болх би, ткъа иза ведда", - аьлла Фергюсона Submission Radio ютуб-канална еллачу интервьюхь, яздо "Чемпионат" гIирсо.

Доьзалца доьзначу бахьанашца ду шен спорт йитар аьлла, дIахьедира Нурмагомедовс: 4 бутт хьалха кхелхира цуьнан да, тренер хилла Нурмагомедов Iабдулманап. Латархочо бахарехь, да цхьана воцуш иза лата лууш яцара цуьнан нана.

Тоьлла ларалучу латархойн UFC юкъараллера дIа а волуш, шен спортан карьера йита воллу ша, элира Абу-Даберчу "Латархойн гIайри" тIехь Америкера Гейджи Дастин а эшорца яхначу шоьтан буса кхозлагIа а чемпион ваьллачу Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба.

Нурмагомедов "кхосаберг" ярца (вовшахтесначу шина кога легаш Iовдарца) тоьлла шолгIачу раундехь.

КхозлагIа йоккхуш ю Нурмагомедовс UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эцна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Гейджи кхозлагIа эшна, 22-зза тоьлла UFC-хь, хаам бо Спорт.Ру портало.

Sherdog рейтинго дуьнентIерачу латархошлахь тоьлла лоручийн могIарахь шолгIаниг хилла Нурмагомедов ваьккхина хьалхарчу метте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG