ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен динца йолу дог-ойла бахьанехь дарж дита реза ву ша, аьлла Кадыровс


Шегара дарж охьадилла кийча ву ша, "мунепакъаша дин аьшнаш дечу" хенахь тапъаьлла Iачул а аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Францин президентах Макрон Эммануэлах лаьцна цо аьллачу дешнех Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс аьллачунна дуьхьал дина Кадыровс ишта къамел.

Йоьдучу урокехь хьехархочо Пати Самюэла дешан маршонех дуьйцучу хенахь дешархошна Мохьмад пайхамарна Шарли Эбдо журнало ехкина карикатураш гайтина аьлла, иза вийча гIаьттина ю и дискусси.

Кадыров Рамзана Францин президент "шен махкахь терроризме иракарахӀитторг" ву аьлла, дIахьедира карикатураш яржорца доьзна.

"Ас юха а, суо бусулба хилера терра, эр ду айса хьалхо Макронах лаьцна аьлла дешнаш, кхин а эзарза юх-юха ала кийча а ву. Бух боцуш сайн дин дезачу, дезачу КъорIана тIехь дерг а, суннаш кхочушдечу стаг хиларе терра, сан бакъо ю ала. И сайн хьажам бахьана долуш, эшахь, дарж дита а, эшахь сайн дахар дIадала а кийча ву со! Амма, тапъяьлла, мунепакъаша дин сийсаздечу заманчохь со Iийр вац, я Iалур а вац!", - аьлла, дIахьедина шен телеграм-каналехь Кадыровс кхаарин дийнахь.

Пачхьалкхашкарчу регионийн куьйгалхойн арахьарчу политикехь дакъалаца а, шайгара хьесапаш дан а бакъо цахиларх шена хууш ду аьлла, билгалдаьккхина нохчийн куьйгалхочо.

"Кхузахь а цхьа башхо ю, францхойн Iедалхошка аьлларг ас со бусулбачу стагана санна аьлла ду, политико санна дина дIахьедар дац", - кхетийна мехкан урхалхочо.

Арахьарчу политикаца доьзна сацамаш тIеэца бакъо яц пачхьалкхерчу регионийн куьйгалхойн аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитирийс кхаарин дийнахь. Иштта яра, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Францин президент "шен махкахь терроризме иракарахӀотторг" ву аларца доьзна Песковс йина комментари.

Пати Самюэль вер Францино терроран могIара диллина. Оьрсийчуьра схьаваьллачу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIа (Москвахь вина а, Франце дIабахначу доьзална тховкIело елча, цунна тIаьхьавахана а хилла иза) мачете-уьрсаца корта баьккхина хьехархочун, ша зулам деш даьккхина сурт даржийна социалан машанехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG