ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина шарахь балха а ца оьхуш алапа оьцуш хилла полисхочо. Цуьнан хьаькам жоьпе озийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Полицин полковникна дуьхьал гIуллакх долийна Адыгейхь: ши шо сов хан хилла цуьнан белхахо балха ца лелаш, амма шен-шен хенахь алапа оьцуш волу. Мехкан Талламан урхалло хаамбарца, 2018-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь балха эцна хилла вуьйцу полисхо. ХIетахь дуьйна кху шеран Марсхьокху-батте кхаччалц балхахь гучуволуш ца хилла, йа цуьнан цIахь сацар балхаца доьзна а ца хилла.

Делахь а, хIора баттахь алапа яздеш хилла цунна- дерриг а цо эцнарг ду 900 эзар сом. Хьалхо хьарамлонаш лелорца бехктакхаман гIуллакх даьккхина хиллера цунна дуьхьал.

Хьаькамо дIахаийта дезаш хиллера чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, полисхо балха лелаш цахиларх, амма цо и ца дина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG