ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Репрессеш – халкъ муьтIахь кхобу гIирс


"Мемориал" центран кхеташонан декъашхо Давидис Сергей
"Мемориал" центран кхеташонан декъашхо Давидис Сергей

Бакъоларъяран "Мемориал" центро йиллина кхиош а, карлайоккхуш а лелайо Оьрсийчуьрчу политикан тутмакхийн база. 300 сов стаг ву чуязвина. Бакъоларъярхойн тептарахь таханенна ву политика бахьанехь Iедало таIзарна кIел кхобу 649 стаг. Муха хийцаелла кху тIаьххьарчу 30 шарахь пачхьалкхера репрессийн система, стенах кхоьру Iедал – оцу хьокъехь ду Idel.Реалиица "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо, Regina Gimalovaчо Давидис Сергейс ден къамел.

— ХIора шарахь кхуьуш ю "Мемориало" политикан тутмакхийн терахь гойту база. Шаглуш ду пачхьалкхо юкъадоху низамаш а. Муха ду кху 30 шеран сурт, иза муха го, 90-гIа шераш а, кху эзаршеран а мур зийча?

— 15 шо ду суна "Мемориалера" коллегаш бевза а, оцу проблемица со уьйрахь волу а. Оха лелочу "политикан тутмакх" терминца тергойича, ала деза, 90-чу шерашкахь и тайпа нах я бацара, я гуттар а кIезиг бара.

ХIетахь и девнаш дагардалуш, кIезиг дара, хIора дов тидамехь хуьлура

Массарна хууш ду, Путинан Оьрсийчохь политикан тутмакхаш бовла буьйлабелира ЮКОС компанина тIера. И тайпа бехктакхаман гIуллакхаш ца хеддаш кхиа дуьйладелира. 2003-гIа шарахь национал-большевикийн девнаш листа долийра, юха – шпионашца доьзна, тIаккха шайггара кхоьллинчу "террористийн" девнаш. ХIетахь и девнаш дагардалуш, кIезиг дара, хIора дов тидамехь хуьлура.

Терроризмах долчу дукха девнийн башхалла ю царна бухахь цхьа а террор яцар, наханна зулам тIеяздина хилар

- Стаг набахте хьажош, я ца хьажош дерзийна-м муххале а, вуно дукха ду девнаш, тхан тептаро царех гIарадевлларш бен а ца лаьцна шена чу. Дуьззина дац тхан базано гойту хьал. И хьал шо шаре мел долу а алсам дуьсу тхан тептарахь ца гуш. "Бодане меттигашкахь" дукха юьсу кхелийн сацамаш дуьненна гойла доцуш.

Оцу политико аьтто ло Iедална халкъера бакъонаш дIаяха

Терроризмах долчу дукха девнийн башхалла ю царна бухахь цхьа а террор яцар, наханна зулам тIеяздина хилар. Политикан бала болуш дина ца нисло иштачех дукхахдолу зуламаш, дина хилча а. ХIун ду иза аьлча – терроран кхерам боккха бу, шпионаш дукха баьржина бохучу пропагандица йозаелла ю пачхьалкхан политика, пачхьалкхан риторика. Оцу политико аьтто ло Iедална халкъера бакъонаш дIаяха, иттаннаш шерашкахь пачхьалкхан мукъ цхьана стеган, цхьана нехан карахь латто. Вайна довза таро яц дукха девнаш, уьш дIахьо бевзаш боцчу наханна тIехь, террорхой бу олий, я цхьана пана-махкара баьхкинчу наханна тIехь, масала, Узбекистанера.

Ахь нийса боху, кест-кеста хийцало низамаш. Кху ткъа шера чохь вуно дукха низамо зуламийн кепаш лору бехкаш бехкина кодексашка. Хьалха терроран цхьаьнакхетараллерчу нахана бехк тIехьора уьш низамехь йоцчу экстремистийн тобанашкахь лелла, олий. Кхел ечийн аьтто бара шайна хьекъало лучу варианташца бехк билгалбаккха. ТIаьхьо 205.5 дакъа диллира кодексе, цо террорхо во муьххачу а Iедална товш воцчу стагах, къиза хан а кхачайо набахтехь такха.

Масала, бусалба "Хьизб ут-ТIахIрир" партехь хиларна бехкебо нах, 2003-чу шарахь аьлла цунах террорхойн парти ю, итт шарахь кегий хенаш еттара оцу бахьаница, амма 2013-чу шарахь вуно дукха яккхий етта йолийна хенаш. Ткъа ша и тайпа тоба янне а яц, террорхойн кхйкхийна цунах есачу меттера схьаэцна, багахь кхоьллина.

Вуно яккхий Конституци талхош йолу институташ кхоьллина – цара дуьненаюкъара бакъо а тIехь хьоьшу

20 шо хьалха ден зуламаш дара тахана дийраш санна, амма хьалха ца еттара набахтехь такха тахана санна дукха хенаш. Керла бехк юкъабаьккхина кодексехь, 24 шо туху, беш цхьанне а цхьа а ницкъ а боцуш, "террорхо" хиларна. Дукха а зуламаш даьхьна оцу бехка кIел – цо аьтто ло пачхьалкханна товш воцу стагах, хьаннах а, "террорхо" ван.

Конституцина нийсса бIостанехьа болу "бехкаш" а кхоьллина

ШолгIа делахь, Конституцина нийсса бIостанехьа болу "бехкаш" а кхоьллина. Уьш бу, масала, шозлагIа, кхузлагIа шен лаамехь гуламе ваьлла стаг набахте хьажор, стагах я юкъараллах "кхечу пачхьалкхан агент" вар, "хьашт йоцу организаци" олу бехк, иштта кхидIа а. Вуно яккхий Конституци талхош йолу институташ кхоьллина – цара дуьненаюкъара бакъо а тIехь хьоьшу.

Халкъ ноьжана кIел латто гIерта, лела магийначу кепехь лелийта гIерта

Хан хене мел йолу идеологех доьзна низамаш юкъадоху. Вайна гира нацизм денъяр доьхку низам арахьоьцуш, дац иза деккъа дIа нацизмах аьлла: Дуьненан шолгIачу тIамехь Советан пачхьалкхо баьхна толамаш байбар доьхкуш, дезденош сийсаздар ца магош ду. Иза идеологица доьзна даьккхина низам ду, цхьа а нацизм а яц хьехориг – амма ду ша тухучу хенаца вуно къиза низам. Бехка кIел баьхьина нах а бу оцу низамца. Халкъ ножана кIел латто гIерта, лела магийначу кепехь лелийта гIерта.

Таьххьарниг – низам кхетор цхьа шатайпанарчу кепе дерзар. Хийцаделла а доцчу низамо хьалха цхьа хан къастайора набахтехь такха, хIинца оццу низамо кхин хан ло, совъяьккхина. Хьалха стеган бехк, массо а агIор толлий, къастабора, хIинца тоьу ши-кхо юьстахара тоьшалла а. Ма-дарра аьлча, кхелахочо юьхьаръоьцу талламчас чуделла, прокурора тIечIагIдина доллу тоьшаллаш, аьлча а, кехаташ.

ТIаьххьарчу 20 шера чохь чIогIа шагдина низамаш, пачхьалкханна кхочу репрессийн бакъо цхьамма долаерзийна

Наггахь къовсам оьккху низамийн доладечаралахь. И тайпа къогвсамаш таIзар чIагIдарца, туху хан совъяккхарца боьрзу. Дуьхьал хIоттош терза дац, адамийн бакъонийн яц цхьа а гаранти.

Дерзош аьлча, ТIаьххьарчу 20 шера чохь чIогIа шагдина низамаш, пачхаьлкханна кхочу репрессийн бакъо цхьамма долаерзийна. Иза хьалха данне а дацара. Путин пачхьалкхан коьртехь Iачу шерашкахь кхиина зеделларг ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG