ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ажигова Iайшина тIехь Iазап латтийначарна бархI-бархI шераш дехна прокуроро


Дейишас йиттина Ажигова Iайша
Дейишас йиттина Ажигова Iайша

ГIалгIайчура 8 шо долу Ажигова Iайшина тIехь къизаллаш лелорна бехкебечарна колонехь даккха бархI-бархI шераш дехна прокуроро. ЙоIана тIехь Iазап латторна бехкейо цуьнан дейиша Ганиева Макка а, цуьнан хIусамда, полисхо лаьттина Марзиев Iийса а.

Юкъарчу хьелашкахь даккха бархI шо тохар дехна прокуроо Ганиевана, ткъа Марзиевна шога раж латточу набахтехь даккха бархI шо тоха аьлла, яздо "Интерфаксо". Бехкаш шиммо а а тIе ца лоцу.
ТIедогIучу кIиранах кхелахоша бовзуьйтур бу цу шиннан хьокъехь шаьш бина сацам.

  • 2019-чу шеран аьхка, лазийна а, ягийна а чевнаш а йолуш, кхачийра Ажигова Iайша Несарарчу дарбан цIийне. Москварчу берийн лоьран Рошаль Леонидан Iилман-талламан институте йигира Iайша, цигахь цуьнан цхьа куьг дIадаккха дийзира лоьрийн.
  • Бер лоьрашна тIекхачийна хан ялале, лецира цуьнан дейиша Ганиева Макка. Цуьнца цхьаьна йоI гIелонехь кхабарна жоьпалле озийра полисхо волу цуьнан майра а. Даржан сий дайъарна иза балхара вохийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG