ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: Нохчийчохь лийти, лийци, нах байъи. Жириновскийс Кадыров къинтIера а ца ваьккхи


Суьртийн коллаж
Суьртийн коллаж

Оршот

Бакъоларъярхойн хаамца, Ростов гIалахь полисхоша лаьцна, тIехь ницкъбина Нохчийчуьрчу СемаьIашкара Дотмерзаев Адам а, Ашаханов Муса а шина баттана чохь вуьтуш, сацамбина аьлла, дийциhа ТIехьа-Мартанарчу кхелахоша. Яздо цунах лаьцна "Кавказский узел" агенталло. И шиъ бехкевина гIаттамхошца цхьана лелла ву аьлла. Шина кIентан гергарчара дIахьедо, Ростов машен эца вахана вара и шиъ бохуш. Маршо Радионо яздира, бакъоларъяран центран хаамашна тIетевжина, байначу беттан 4-чохь Ростов-гIалахь лецарх цига бахана хилла СемаьIашкара кегийнах. ТIаьхьа Нохчийчу дIабигинера уьш, ТIехьа-Мартанарчу полице. "Мемориалан" хьостанаша чIагIдора, хIинца а а шиъ полицехь а ву, цара Iазап ловш а ду цигахь, бохуш. Ростов кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххой дуьхьал хилла дийца, мича бахьанашца сецош бу лецнарш. "Адам а, Муса а ши шича ву. Адаман 3I шо ду, зуда ялийна вац иза, иштта, цхьанхьа а болх беш вацара. Боккха доьзал бу церан. Дукха хан йоццуш операци йина ву церан да. КIант лацарх цуьнга хаийта ца хIутту уьш, цуьнан даго ловр дац бохуш", - аьлла, дийцина агенталле гергарчара. 35 шо долчу Ашаханов Мусан кхо бер а, хIусамнана а ю.

Шинара

Нохчийчохь ОМОН-ан а, СОБР-ан а эскархоша дуьхь-дуьхьал герзаш а диттина ши стаг вийна аьлла, хааме даьккхира ТАСС агенталло, ницкъаллийн структурашкарчу хьостана тIетевжина."ТIехьа-Мартанахь кафена гена доццучохь СОБР-ан а, ОМОН-н белхахошна юкъахь кхийсарш хилира. Оцу инцидентехь вийна Росгвардин эскархо а, могIарера вахархо а. Карарчу хенахь толлуш ду церан могIаршкахь зенаш хилар", - аьлла агенталле хаам бинчо. Baza ресурсо дийцарехь, ТIехьа-Мартанарчу "Смайл" кафе чохь дош дашера даларца доладеллера дов. Къаьркъа мелла хилла ОМОН-н ши белхахо, ши ваша Марзабеков Шамил а, Шамхан а кафе чуьра ара а ваьккхина, и шиъ меттавалон гIертара кафен долахо. Оцу хьолехь гIоьнна кхайкхина хилла цо шена вевзаш волу Росгвардин белхахо. Цигга кхаьчна хилла СОБР-н кхо тIемало а. Юьхьанца уьрсаш а диттина, тIаккха герзашка бевлла хиллера орцах баьхкинарш. Кхаанна чевнаш йина, шиъ велла, яздо BAZA гIирсо.Хиллачух цкъачунна официалехь дуьйцуш дац. Талламчийн-оперативан тобано зуьйш ду хилларг.

Кхаара

Оппозицин "IADAT" телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьал бу Нохчийчуьра талламчаш, оцу хиламца зулам дац аьлла. Байначу беттан 15-чохь бинчу сацамах хаийтина бакъоларъярхошна дахначу шинарин дийнахь."Дукха хьолахь полисхошкара даьллачуьнца зулам дац олий, хьесап до, - дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу Iазапна дуьхьалолатторан Комитатан офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. - Иштта Тепсуркаевца доьзначуьнца а талламхоша сацамбина, цигахь зуламан хIоттам банне а бац аьлла. Оцу кепара сацам бале хьалха, цаьрга кхача езара Тепсуркаев тахана латтош волчу меттигах тIечIагIйина информаци". Iазапна духьалотатторан Комитетан юристаша лаькъамбийр болуш бу церан сацамна, аьлла Пискуновс. Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь IADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе.Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.

Еаара

Бакъо йоцуш Нохчийчохь лечкъийна бигина, бертаза латтон нах дIахецар тIедожош цхьаммо хIоттийна пикет юкъахъяьккхина Москварчу полисхоша. Тахана, ГIадужу-беттан 29-чохь акци дIаяхьа сацам хиллера 28 шо долчу Москварчу яхархочун Омарова Лианин. Лубянкерчу къайлахчу сервисийн гIишлона герга йоьдуш хиллера иза, амма дуьхьалваьллачу полисхочо карара плакат схьадаьккхинера цуьнгара. "Кадыровн Нохчийчоь - Оьрсийчоьнан полигон ю" аьлла, тIеяздина хиллера цунна. Кавказ.Реалиин корреспонденте Омаровас хаамбарца, пикет дIаяхьа коьрте деанера цунна, Нохчийчохь лачкъийна вигинчу I9 шо долчу IАДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салманца лелийнарг бахьана долуш. Иза а, бакъо йоцуш Нохчийчохь лецна латтош болу нах а дIахецар тIедожош Оьрсийчоьнал арахьа беха Тепсуркаевн махкахой а гIовттур бу аьлла, дегайовхо яра шен аьлла Омаровас, ша гайтина масал бахьана долуш.

ПIераска

"Ахматан" а, "Спартакан" а матчехь арбитрана йиттинарг Соьлж-ГIаларчу клубан экс-вице-президент Алханов Хайдар хилла аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан Контролан-дисциплинаран комитетан куьйгалхочо Григорьянц Артура. Таханалерачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочн Кадыров Рамзанан хьехамча ву иза. Яздо цунах лаьцна Sports.ru гIирсо."Тхайн кхеташонехь оха леррина листина матчан доллу кехаташ. Алханов Сайд-Хьусайна (Алханов Хайдаран кIант) санитаран регламент йохош, майданахь хила йиш йоцу нах чубитинера. Оцу шен леларца матчан официалан нехан дахарна а, могушаллина а кхерам беана цо. Иштта, майдана ваккхинера цо шен да Алханов Хайдар а. Цкъа хьалха суьдхочунна чож чу хIума а тоьхна, юха тIехьашхула шозза когашна мийра а тоьхна, шозза букъа тIера дIатеттина хиллера Алханов Хайдара арбитр. Цул тIаьхьа суьдхочун чоьна чохь боьха бага лейина хилла, цунна а, цуьнан доьзална а кхерамаш туьйсуш. Иштта, тхуна къаьстина, "Ахмат" футболан клубаца Алханов Хайдар гIуллакх долуш цахилар а, структури юкъа а иза вогIуш воцийла. Иштта вац иза клубан декъашхо а", - аьлла Григорьянца. "Ахмат", "Спартак" футболан къоначу ловзархойн матч йирзича йиттинера арбитрана Головко Богданна. Бевзаш боцучара футболан майдана а лилхина, чоьже буйнаш биттина реферина, тIе мийраш биттина. ТIаьхьо арбитран чоьнаш чу а кхаьчна, маьттаза мотт лебина цара. Иштта гойтура хилларг "Спорт-Экспресс" газето, матчан протоколна тIе а тевжаш.0:0 жамIаца дирзина шина тобан ловзар. ТIаьххьарчу миноташкахь чолхене дирзина хьал, вовшашлахь тийсабала боьлла футболхой. Арбитра Головкос ловзарна юкъараваьккхина "Ахматан" декъашхо. Ткъа матч йирзича тIелетта арбитрана. Оьрсийчоьнан премьер-лиго бакъдо инцидент иккхина хиллар, бекхбуьллу Соьжа-ГIалахь Головкох леттачарна а, бухарчу клубанна а, бохура, таIзар кхачор ду бехкечарна.Ткъа "Ахматан" пресс-векалто дIахьедира, футболан майданна тIе а ваьлла, леттарг хьажархо вара, из ву арбитрана "тIеIаткъам бан гIиртинарг". Клубо шена къинтIера бовлар дийхира "Спартаке" а, премьер-лигин куьйгалхошка а.

Шотт

Оьрсийчоьнан Либералан-демократин партин куьйгалхочунна Жириновский Владимирна гечдар дехар тIедожийна Нохчийчоьнан куйгалхочо Кадыров Рамзана. "Жириновский, айхьа аьллачунна къинтIера довлар деха... Оьрсийчоьнан пачхьалкхан политикаца а, билгалъяьхначу приоритеташца а бIостане ду ахь дуьйцург", -яздина Кадыровс телеграмехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Францин президенте аьллачун хьокъехь вистхиллера Жириновский, Оьрсийчоьнан субъектийн куьйгалхойн гIуллакх дац арахьарчу политикана юкъагIерта а, терроризмна тIехIитта а аьлла. Терроризмах дерг аьлча, оцу "уьнца" ша къийсам латтийра, цунна тIехь толам а баьккхина аьлла дIа а хьедеш, Кадыровс хьоьху депутатна, динах лаьцначу теманах ма хьекхало аьлла. 47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра байначу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша. Президента Макрона Патин тезетахь къамел дира, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIана "психикана дарба де" аьлла, хьийхира Макронна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь аьлла, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муфтийс тиллина Макронна "№I террорхо" цIе. Арахьарчу политикаца доьзна сацамаш тIеэца бакъо яц пачхьалкхерчу регионийн куьйгалхойн аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

КIиранан де

ЛДПР партин лидер Жириновский Владимир дуьхьал хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хьалха бехкала ваха. Цул совнах, иза цецваьлла, нохчийн куьйгалхочо шена тIедожийначух. Цо бахарехь, Кадыров багах ваьккхина а вац цо, цу тIе Оьрсийчоь цивилан пачхьалкх ю, цундела ша цхьанггара а бакъо йоьхур йолуш вац боху партин лидеро, шена хетарг олучу заманчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG