ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юьхьанца Кадыровн, хIинца муфтийн Межиевн къамелаш товш доцийла хаийтина Кремло


Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа массо а францхой мостагIий лара беза алар ца тайна Кремлна. Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс муфтийс динчу къамелна комментари еш аьлла:

"Тхуна герагахь, мехала Iалашо ю кхечу пачхьалкхийн дипломатийн векалташна кхерамзалла латтор а, кхузахь аьлча, Францин, вайн пачхьалкхан территори тIехь арахьарчу мехкийн бахархошна кхерамзалла хилийтар а".

Песковн дIахьедар довзийтина ТАСС агенталло. Пресс-векало билгалдаьккхина, и гIуллакх "теологин дийцаршка" даккха оьшу аьлла ца хета шена.

Макронна кхерам тосуш къамелаш дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, мехкан муфтийс а.

"Гена ца волуш, йита, Макрон, провокацеш, динна лер. Ца йитахь, Iовдал сацамаш беш ваьхна президент санна вуьйцур ву хьо исторехь. Карикатураш яхкарх болу хьан хьажам бусалбанашна ца тайна ца Iа, бехкево хьо кхечу динашкахь болчу, кхетам цIена болчу наха а тIехь", - дIахьедина Кадыровс.

Францин президентах "ноьмар 1 террорхо","массо а бусалбанийн мостагI", аьлла, гуттар а генаваьлла Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь:

"Хьекъалх тиллачу профессорх "къоман турпал" а вина, леррина бусалбанаш харц новкъа баха гIерташ, ахь провокацеш лелош го суна", – дIахьедира цо.

Пати вер Францино терроран могIара диллина. Оьрсийчуьра схьаваьллачу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIа (Москвахь вина а, Франце дIабахначу доьзална тховкIело елча, цунна тIаьхьавахана а хилла иза) мачете-уьрсаца корта баьккхина хьехархочун, ша зулам деш даьккхина сурт даржийна социалан машанехула.

  • Пресс-векала Песков Дмитрийс хьалхо элира, регионийн куьйгалхойн бакъо яц арахьарчу гIуллакхийн хьокъехь сацамаш бан. Шен къамел Песковс тIехьажийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, цо Францин президентах "шен пачхьалкхехь терроризм тIекIайийриг" аларца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG