ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Билггал кхераме берш". Европехь бехачу нохчаша латкъамаш бо, шаьш лоьцу бохуш


France -- Police secure a mosque in Creteil near Paris, June 29, 2017
France -- Police secure a mosque in Creteil near Paris, June 29, 2017

Францхойн хьехархо вийначул тIаьхьа, Туркойчоьнан а, Францин а президенташна юкъахь иккхина конфликт дуьненан юкъаралло йийцаре ечу заманчохь, оцу пачхьалкхерчу нохчийн диаспоран гIуллакхаш ледара ду.

Экстремизмна шеконашкахь болчу нехан хIусамашкахь талламаш а беш, леца болийна уьш. Бухарчу бахархойн шайгахьа гамо а, дискриминаци а кхин а тIе чIагIлур ю аьлла хета нохчашна.

Кавказ.Реалиин корреспонденто зийра, къаьсттина стенах кхоьру Европерчу нохчийн юкъараллийн а, динан а векалш.
Нохчийн юкъараллан динан хеттарш луьстучу "Барт Маршо" организацехь а волуш, иштта Европерчу нохчийн ассамблейн ассоциацин векал а ву Усманов Сайд-Ахьмад. Цо дийцарехь, хьехархо Пати Самюэль вийна ши кIира даьллашехь а, нохчий лоьцуш бу бохуш, хаамаш кхочу.

"Парижна 300 километар гена йолчу Блуа гIалахь дахначу кIирандийнахь стаг лаьцна полицино. Вийначу хьехархочун суьртана лайк хIоттиначу кхин цхьанна а тIехьадаьлла Iедал. Оцу кепарчу постана лайк хIоттон гIуллакх дацара, нагахь санна, иза нийса вийна аьлла тIечIагIдеш йиллина елахь. Тхо сингаттамехь ду, муьлхха а дагахь доцург хир дуй а хаьа. Массо а керлачу хаамашкахь дуьйцуш ду, Францин Iедалхой Оьрсийчоьнца, Путинца а, чоьхьарчу гIуллакхийн министрца а дийцарш дIахьош бу, кхерамзаллин сферехь юкъахь болх барх лаьцна бохуш".

Усмановна хетарехь, радикализман хьежамаш бу аьлла хетачу нохчашна Оьрсийчу депортаци ян хIинца атта хир ду.
"Шайн пачхьалкхна кхераме бу аьлла хетачу нахах хIоттийна тептар ду Iедалан. Ша оцу тептарехь вуй а ца хуу стагана тIехь терго латтайо Iедалхоша. Лерина тидам латтабо цо мел олучух. Оцу Iаьржачу тептаре ваьккхинчу стеган гергарнаш а, цуьнца доттагIаллин уьйрашкахь верг а ларван тарло цара. Терго латтайо уьш муьлхачу сайташка хьуьйсу, экстремистийн лоручу социалан машанашкарчу тобанийн декъехь буй а зуьй. Цо хIумма а яздина дацахь а, радикал ву олий, шеконаш хуьлу", - дуьйцу Усмановс.

Къаьмнаш къестош, низамашкахь доцург францхойн Iедалхоша ишта-м ца леладо аьлла, билгалдоккху цо. Ниццехь а, Страсбургехь а нохчаша схьадиллина маьждигаш а хьалха а санна, маьршша белх беш ду, ткъа нохчийн юкъараллийн организацеш меттигерчу Iедалхошца муьтIахь шайн белхаш беш ю.

"Нагахь санна, Iедалан векалшна соьгара цхьа информаци эшахь, телефон туху, я шайна тIекхойкху, полицин декъехь къамел деш меттиг а нисло. Наггахь телефонехула дийцича тоаме хуьлу. ТIаьххьара кузахь хиллачух лаьцна дийцарш хилла тхан. Францхойн партийн лидерша нохчашна дуьхьал харцдерг дуьйцуш нислахь, адвокаташкахула луьсту оха цу кепара гIуллакхаш. Дукха хан йоццуш Меланшон Жан-Люка тхуна дуьхьал дIахьедар дира, тIаьхьо бехк ца биллар дийхира цо", - боху Усмановс.

Радикализмна тIаьхьабовлар

Европерчу нохчийн Ассамблейн векална Албаков Шемална хетарехь, Iаламат доккха зен хилла диаспоран репутацина.
"Европехь нохчий бехбан болийна. Экстремизмна тIехула шеконашка эцначу нахах хилла тептар кхин а тIе шорлуш ду керлачу цIерашца, - дIахьедо Албаковс. - Иштта зуьйш бу Iедалхоша хьехархо нийса вийна аьлла, социалан машанашкахь йозанаш дитинарш а. "ДогIуш дина таIзар", бохуш, иза вийна аьлла, цIе яккхина Анзоров IабдуллахI "турпалхо" ву, "дика кIант" ву бохуш, комментареш язйинера".

Албаковс бахарехь, "терроризм бакъяр" аьллачу артиклехь бехкаш кховдийна оцу нахе. Кхин а лецарш хир ду, талламаш а бийр бу, кхеле а хIиттор бу. Тарло царна арахь яккха хан кхайкхон а, иштта набахте хьийсон а хьесап ду.

Юкъаралхочо дийцарехь, бехкеийзийначара шайн комментареш францхойн маттахь язйинера, и бохург хIун ду- и нах Францехь беха дикка хан хилар а, меттигерчу бахархошлахь дIаийна хилар а.

"Сийсаза, шога лоьцуш бу нохчий аьлла, хаамаш кхочу тхоьга. Адвокате довла олу оха, шайн бакъонаш ларъяйтархьама. Дукха хьолахь, хIусамех хьовса богIу полисхой сатосучу заманчохь. НеIарш кегъеш, массо а хIума тIекIал а тосуш, агрессица хьийза боху уьш. Комментареш ца язйина нах а леца тарло цара. Масала, дахначу оршотдийнахь радиохула дуьйцуш хезира суна, цIий доккхуш хилла, бусулба зудий-майрий дIалаьцна полисхоша аьлла. Хиджама еш хиллера уьш, карахь дипломаш а, я лицензи а йоцуш. ТIаьххьара кху гIаличохь хилларг бахьана долуш цу шинна а тIе бIаьрг хIоьттина хиллера церан",- билгалдоккху Албаковс."Бусулбанашна дуьхьал бовлар гуш ду", цо дийцарехь.

"Тхан берашна таро ца ло кхиамаш баха"

Хьехархо Пати Самюэль вер официалехь талларх шеконаш ю Ниццерчу "Приморьен Альпашкарчу нохчийн а, гIалгIайн а юкъараллан" имаман, ассоциацин президентан Магамадов Рамзанан.

"Тхан гIирс бац и гIуллакх тхаьш талла а теллина, официалехь дIахьедечуьнца дуста, амма тешам бац тхан полицех. Нохчийн къомо емалдо хьехархо вер. Делахь а, нохчий террорхой бу а бохуш, политикан ловзаршкахь буьрка еш ю тхох", - аьлла хета Магамадовна.

Цунна хетарехь, нохчашна депортаци ярх бен кхайкхамаш а, Францин цхьадолу декъо лело озабезамаш а хиллачунна харц реакци яр ду.

"Нохчийн къам интеллигенте а ду, Iилманца а ду, тхан кегийрхой Европерчу лакхарчу доьшийлашкахь ду, дикачу школашкахь доьшуш а ду. Делахь а, цхьа тенденци ю- тхан бераш хьалхара хила ца дуьту. Физикан-математикан классехь доьшуш вара сан кIант, классехь шолгIа вара иза хаарш лакхара хиларца. Амма иза ца витира кхиамаш баха, хьакъ воллушехь, ткъа ишта бераш дукха ду кхузахь. Ас даим а нохчашка кхайкхамаш бо, собаре хилалаш, вайх пайдаоьцучу политикашна бахьана ма хилийталаш бохуш", - дуьйцу имамо.

Магамадовс иштта далхийра, шен болх бахьана долуш меттигерчу префектураца вистхилар нисло шен: "Францхоша ма оллура, суна тIехь ши жоьпалла ду- нохчо хиларна а, бусулба хиларна а. Тхан маьждигехь хьоьвсина бац тIаьххьара хIара хиламаш бахьанехь. Соьга телефон а тоьхна хаьттира, цхьана а кепара тIеIаткъамаш а боцуш, хIун аьлла хета хьуна хьехархо верах. Фанатизм оха емалйо, Европера низамаша Iалашдан ма деза оха".

Францига тховкIело мел ехначара дош делла, меттигара низмаша хьоьшур дац шаьш аьлла, карладаьккхира имама.

"ХIара цивилан пачхьалкх ма ю, бусулба пачхьалкх яц. Кхузахь карикатураш массо динашна йохку. Ас дехар дина кегийрхошка, собаре хила, провокацеш йийраш тергал ма бе аьлла", - дIахьедо Магамадовс.

"Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас дуьйцу, кху деношкахь Францехь вехачу, ша Iуналла дечу нохчочуьнгара хаам кхечира шега аьлла.

"Ас хьалхо яздинера цуьнга, жимма цуьнан дог ойбуш, францхойн Iедалхой цуьнан ситуацех а кхетийра. Кхаарин дийнахь баркалла олуш, зIене ваьллера иза соьца. ХIусамненаца а, пхеа бераца а ву иза цигахь. Со хIун ала гIерта, цигахь хIуъа хиллехь а, Францин Iедало тховкIело луш ю-кх тахана а нахана. Баркалла царна. Къона бусулбанех экстремисташ бан гIерташ, уьш иракарахIитточу наха ойла ян езара, шаьш тIеэцначу нахана хьалха бехкала дахна", - боху бакъоларъярхочо.

Пати Самюэдь верца доьзна Францино нохчий шайн пачхьалкхера рабохуш бу аьлла, шена хезна дац боху Ганнушкинас.

"Шина пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраш цхьанакхета безаш бу аьлла, хезира суна, амма хууш дац билггал, церан къамел хиллий", - боху Ганнушкина Светланас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG