ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ президентан харжамаш: Байденна толам баккха оьшу 17 кхаж


Американ президентан харжамашкахь тесна кхаьжнаш дагардина дина девлла дац хIинца а. Кхаарин сарахь динчу жамIашца, Демократин партин цIарах кандидат волчу Байден Джона толам баккха оьшуш дара Трамп Дональд эшо кхаьжнаш дагардина девлла доцчу цхьана штатехь. Трампана толам баккха оьшу Байден йисинчу 4-3 штатехь эшор.

Масийтта зорбан гIирсо, шайна юкъахь Wall Street Journal а, Foxnews телекомпани а йолуш, даре дина Байден Джо Аризона штатехь тоьлла хилар. Ткъа цо аьтто бина цуьнан харжамхойн коллегин декъашхойн 264 кхаж цхьаэца. Толам баккха оьшу 6 кхаж цунна кхача мегаш бу цхьана Невадехь толам баккхахь а, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Оцу штатехь цкъачунна бюллетенаш дагардина девлла дац. Цкъачунна Байден хьалха ваьлла воьдуш ву Невадехь.

New York Times газето а, масех кхечу зорбан гIирсо а, хаам бо Байдена цкъачунна 253 кхаж бен гулбина ца хиларх лаьцна, цу кепара сих ца луш цо Аризонехь толам баьккхина хилар тIечIагIдан. Арезонехь Байден 3 процентана хьалха ву Трампал а, 86 процент бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа.

Нагахь Аризонехь эшах Трамп Дональда толам баккха безачу 4 штатах 3-хь - Пенсильванехь а, Джорджийахь а, Къилбаседа Каролинехь а – иза хьалха ву Байденал а: Пенсильванехь 3 процент гергга, Джорджийахь а, Къилбаседа Каролинехь а цхьа процент ца кхоччуш. Невадехь Трамп тIахьависина Байденна цхьана процентал а кIезиг. Байден болчул а хьийзаш белахь а, толамна тIе боьду некъ болуш бу Трампана.

Формалан кепра бюллетенаш дагардина девллачул тIаьхьа шина кандидатана деллачу кхаьжнийн терахьаш цхьана процентал а лахара хилахь, кандидатан бакъо ю бюллетенаш юхадагардайта.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG