ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венера теракт толлуш Оьрсийчуьра схьабевлла нах лецна хилар тIечIагIдина Iедалша


Вена, полицин белхахо

Венехь кху деношкахь дина терроран тIелатар толлуш лецначарна юкъахь бу Оьрсийчуьра схьабевлла нах. Цуьнах лаьцна дIахьедина Австрин коьртачу гIалан полицин куьйгалхочо Пюрстль Герхарда, яздо Маршо Радион "Карара хан" проекто.

Хьалхо терроран вовшахтохараллан декъашхой хиларан шеко йолуш Австрин полицин белхахоша лецира 18-28 шераш долу 14 стаг.

"Царах цхьаберш кхечу пачхьалкхийн махкалла долуш бу, шайна юкъахь Бангладеш а, Македони а, Туркойчоь а, Оьрсийчоь а йолуш", – элира Венерчу полицин хьаькамо.

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Нехаммер Карла тIетуьйхира терроран тIелатар дарехула лецнарш мигрантийн селхане йолуш хиларх а, ткъа цхьаберш Австрин махкахой цахиларх а лаьцна . Министро иштта хаам бира Венехь виъ стаг вийна "джихадхо" ша цхьаъ хилла хилар и зулам динарг.

Оьрсийчоьнан Австрерчу векало Любинский Дмитрийс хьалхо дIахьединера, лецначарна юкъахь Къилбаседа Кавказера схьабевлла нах бу аьлла.

Герзаца тIелатар дира зуламхочо Венехь 6 меттехь Лахьанан-беттан 2-чу дийнахь. Террорхочо герз диттира кафехь хIумакхоллуш хиллачу а, урамашкахула лелачу а нахана а, ткъа иштта полицин белхахошна а. Дуьххьара зуламхочо герз диттира Венин коьртачу жуьгтийн маьждигана (синагогина) уллехь, цул тIахьа - гIалин юккъехь. И бахьана долуш, вийна 4 стаг, чевнаш йина ву- 22, шайна юкъахь низамаш лардон органийн белхахо а волуш.

Венера теракт шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу экстремистийн тобано.

Венехь гIалин юккъехь тIелатар дина 20 шо долу, Австрин а, Къилбаседа Македонин а паспорташ долу Куйтим Фейзулай вийра иза дIалоцуш. Стохка Охан-баттахь, 22 бутт хан а тоьхна, чувоьллина хилла вара иза, "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхойх дIакхета дагахь Шема ваха новкъаваьллачул тIаьхьа лаьцна хиларна. Шена тоьхначу хенах набахтехь баьккхира Куйтим Фейзулайс 8 бутт, цул тIаьхьа иза маьрша валийтира стохка ГIуран-баттахь.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG