ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жириновский: Нохчийчуьрчу харжамашкахь дакъалаца ца буьту либерал-демократаш


ВорхI шо ду Нохчийчохь либерал-демократин партин (ЛДПР) декъашхошка шайн кандидатураш меттигерчу харжамашка ца йохкуьйту, аьлла "Эхо Москвы" радиона интервью луш партин лидера Жириновский Владимира.

Политика бахарехь, еккъа цхьа Нохчийчоь ю партин и проблема йолуш. Цо махкарчу прокуратуре аьрзнаш а дина оцу хьокъехь, прокрорашна ца карадо либерал-демократашна харжамашкахь дакъалацар дехка бахьанаш, амма хийцалуш хIума дац, леткъира Жириновский.

Францин президентан Макрон Эммануэлан политика бахьанехь Кадыров Рамзанца шен конфликт иккхинчул тIаьхьа цуьнца къамеле ваьллий ша хаьттича, жоп делира Жириновскийс: "Ма хьее и регион, и нах. МаьIна дац".

Хьалхо Жириновскийс, регионийн куьйгалхошна дехка деза арахьарчу политикан хьокъехь къамелаш дан, элира. Иза цо бохура, Макрона, карикатураш яхкар – иза маршо ю, аьлла дина къамел емалдеш Кадыров Рамзан вистхиллачул тIаьхьа. Нохчийчоьнан куьйгалхочо ЛДПР-н лидер декхаревира аьллачух дохковала, амма Жириновскийс иза тIе ца ийцира.

XS
SM
MD
LG