Демократо Байден Джос гулбина президент хIотта низамо бохуш болу харжамхойн кхаьжнаш.
Цунах лаьцна хаам бо Associated Press , CNN, NBC News ткъа иштта кхин а бевзаш болчу Американ зорбан гIирсаша, харжамийн цкъачунна долчу жамIашна тIе а тевжуш.
Карарчу хенахь лаьрча Пенсильванехь бюллетенаш даргардина девллачул тIаьхьа Байденан активехь гулбелла 273 харжамхойн кхаж. Президентан харжамашкахь толамбаккха тоьаш ду 270 кхаж гулбан. Масех штатехь хIинца а тоьлларг билгалваьлла вац.
Твиттерехь Байдена баркалла аьллча харжамехь дакъалаьцначарна шех тешарна. Массао а америкахочун президент хир ву ша аьлла, яздина цо.
Президентан харжамашкахь Байденан дуьхьалончо – карарчу хенахь президент волчу Трамп Дональда – ца лору ша эшна хилар. Хьалхо шоьтан дийнахь цо твиттерехь яздира, ша харжамашкахь тоьлла аьлла.
Ткъа зорбан гIирсаша Байден тоьлла аьлла хаам бинчул тIаьхьа президентан штаба дIахьедина, оршотан дийнахь дуьйна, цуьнан юристаша кхелашка леткъамаш бийр бу цхьацца искашца, шайна юкъахь кхаьжнаш юхадагардар а долуш аьлла.
Харжамийн жамIащ формалан кепара тIечIагIдан дезаш ду хIора штатехь. Цул тIаьхьа ГIуран-баттахь харжамхойн коллегино харжа везар ву керла президент. Цуьнан президентан даржехь хан дIайолалур ю Дечкен-беттан 20-хь. И де тIекхаччалц президент вуьсуш ву Трамп Дональд.
Президентан харжамашкахь кхаж тесира Лахьан-беттан 3-хь. Американ зорбан гIирсаша толам баьккхинарг мила ву бохучух лаьцна хаам ца бира масийтта дийнахь, иза атта хуьлуш хIума дац.
Бахьана дара масийтта штатехь шина кандидата гулдинчу кхаьжнийн терахь дукха къаьсташ цахилар. ТIаьххьарчу деношкахь Байден хьалхавелира царах дукхахайолчу штаташкахь.