Ломан Карабахе хьажийна Оьрсийчоьнан машарбархой тIехь болу Ил-76 транспортан ялх кема. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Верриг а оцу регионе хьажор волуш ву 1960 эскархо а, 470 техника а. Уьш дIатарбеш бу оцу регионехь Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а хьлханчаша бинчу бартаца.
Хьалхо оршотан дийнахь социалан машанашкахь гучудевлира Ульяновскерчу "Восточный" аэродроман даьхна сурташ. Цу тIехь гуш дара Ил-76 олу 10 транспортан кема.
Оршотан сарахь Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а президенташа а, Эрмалойчоьнан премьер-министро а дIахьедр тIеийцира Ломан Карабахехь тIемаш сацош бу аьлла, Лахьан-беттан 10-хь дуьйна. Цуьнца цхьана шина а агIонан ницкъаш буьсуш бу шаьш лаьттачу меттигашкахь.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!