ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кегийрхой эскаре кхойкхур бу кху шарахь


Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан цхьанакхетар хилла республикан керлачу тIеман комиссарца Есимбиев Турпал-Iелица. Цаьршиннан дийцарш хилла карарчу шарахь нохчийн кегийрхой эскаре бахийтарх лаьцна.

ТIеман комиссаро чIагIо йина, доьдучу шарахь Нохчийчуьра 500 жима стаг эскаре кхойкхур ву аьлла. Царех 400 Къилбан тIеман гонашкахь вуьтур волуш ву, ткъа висинчу 100 стаге даймахкахь эскаран гIуллакх кхочушдойтур ду.

Кху беттан 9-чохь Воронежерчу эскархойн декъехь хиллачу кхийсаршкахь байъинчу салтишлахь нисвелера ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштарчу Экажево эвлара Акталиев Микаил.
"Воронежан кIоштарчу тIеман аэродромехь салтичо тIелатар дина вийна кхо эскархо. Царлахь ву тхан махкахо Акталиев Микаил",- хаамбинера республикан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас "Интерфакс" агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG