ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитето нохчийн жигархо Тепсуркаев вар талла долийна


Telegram-каналерчу "1Adat"-пабликан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах долу дIахьедар зен долийна Талламан комитето. "Iазапна дуьхьалояран комитето" бечу хаамца, талламхой Тепсуркаев лаха лерина бац аьлла бакъоларъярхоша динчу орзан лорах бина и сацам.

Документо бахарехь, юхьанца талламчаш реза ца хилла стаг вадорца доьзна бехктакхаман дов айдан, амма байначу беттан 2I-чу дийнахь и сацам юха а баьккхина, лехамаш дIаболийна.

"Толлуш ду стаг вар, бакъду тхуна хаийтина дац бинчу балхах лаьцна. Цкъа ай а дина, дIа а къевлина, юха а бехктакхаман гIуллакх гIатторо гойту талламчас юхьанца кхоччуш болх цабинийла", – билгалдоккху "Iазапна дуьхьалояран комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

  • Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе.
  • Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.
  • "Кавказского узел" газето яржийначу информацица, ши бутт хьалха Нохчийчохь лачкъийра лаххара а 53 стаг, байначу а, карарчу а беттанашкахь цIера бигина иттаннаш кегийрхой. Доккхачу декъанна и нах идийна Тепсуркаев Салманан контакташ лохуш а, Европерчу нохчаша мехкан Iедална критика еш араюьйлу материалаш ешарна, цаьрга хьовсарна.

XS
SM
MD
LG