ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаев Салманах хилларг къастор ду талламан комитето


Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

Нохчийчьрчу талламан комитето юхаталла долийна "IADAT" Telegram-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах лаьцна дина дIахьедар. "Iазапна дуьхьалояран комитето" бинчу хаамца, оцунах лаьцна хиъна Соьлж-ГIаларчу кхеле бакъонашларъярхоша бинчу латкъамна деллачу жоьпера. Комитетан белхахоша латкъам бинера талламхо шен декхарш кхочуш деш вац, аьлла.

Кхелера даийтинчу документа тIехь дуьйцуш ду бехктакхаман гIуллакх долор юхатухуш бина сацам ГIадужу-беттан 21-хь юхабаьккхина хиларх а, карарчу хенахь оцу гIуллакхехула йолxу материалашна таллам беш хиларх а лаьцна. Цуьнах хIун хилира "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юристашка хоуьйтур ду, хаам бина Соьлж-ГIаларчу кхело.

"Тхан аьтто бац хаа а, кхета а талламо хIун дина бохучух, материалаш юхатоллуш хиларна. Делахь а, материалаш схьаэцна масех де далале хьалха бина сацам юхабаьккхина хиларо гойту, талламхочо и гIуллакх толлуш тоъал болх бина цахилар", - билгалдаьккхина "Iазапна дуьхьалояран комитетан" Къилбаседа-Кавказехула долчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

"IADAT" оппозицин Telegram-канало, ницкъаллин структурашкарчу а, Iедалерчу а хьостанашна тIетевжаш зорбане боху Нохчийчохь бахархой лечкъорах а, лецарх а лаьцна болу хаамаш.

Ши бутт сов хьалха, социалан машанашкахула видео Iораяьккхичхьана, вайна Тепсуркаев.

Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела до ша аьлла ша шена Iазап дира жимачу стага.

"Карар хан" зорбан гIирсо яздарехь нохчийн полисхоша лачкъийна хета Тепсуркаев Салман журналисташна а, бакъоларъярхошна а.

Тепсуркаевс болх беш хиллау хьешан цIийнарчу камераша дIаязйина видео зорбане яьккхира "Iазапна дуьхьалояран Комитетан" бакъоларъярхоша. Оцу тIехь гуш ду, шина стага, цхьаммо куьйгаца лаьцна дIавуьгу Тепсуркаев.

Салман шишана тIе хуу видео социалан машанашкахь Iораяккхале ши де хьалха дIаязйина ю Геленджикехь яьккхина и видео. И бакъ хилар тIечIагIдо Салманан хIусамнанас Тепсуркаева Елизаветас а.

"Цо соьга еллера шен ICloud-ан пароль, цуьнца къаьстира иза латтош волу меттиг. Талламан комитетан гIишлонна дуьхьал йолчу Кадыровн цIарахчу полкан дозана тIехь вара иза", - билгалдоккху Елизаветас.

Тепсуркаев Салман вайна масех де даьллачул тIаьхьа нохчийн пачхьалкхан телеканалан эфирехь гайтира 19 шо долчу жигархочун да. Нохчийн Iедалхой гунахь бац элира цо, шен кIантаца хиллачунна. Салман махкал а арахьа ву элира цо.

"Масех шо хьалха дIавахана иза Нохчийчуьра, иза харцахьа леларна, цунна дан амал а ца хилла, ас долара ваьккхинчул тIаьхьа вахана иза. Цуьнца уьйр яцара тхан. Нохчийчохь хилла яц и инцидент а", - боху дас.

Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

Салманан цIийнанан тешна ю, Iедало бертаза къамел дан Тепсуркаев-да охьахаийна хиларх. Цо дийцарехь, жигархочун доьзална кхерамаш тийсинера нохчийн ницкъахоша.

"Масийттазза баьхкинера церан цIа, хIара гIовгIа ас эккхийтина дела, соьца а зIене ма дийла баьхнера цаьрга. Дерриг а дихкинера цунна, - боху Елизаветас. - Жимахверг дIавуьгур ву шаьш, юкъера кIант вуьгур ву баьхнера цаьрга".

Пачхьалкхан телехьожийлехь модераторан да гайтинчул тIаьхьа, машанехь керла видео яьржира, Салмана дIаязйина. Цу тIехь жигархочо дуьйцура, ша нохчийн зударий сийсазбина хиларх, оцу тIехула дина хиларх шена таIзар. Иштта, Европерчу оппозицига кхайкхамбира жимчу стага, шех лаьцна дийцарш совцаде аьлла.

Республикехь а, дозанал а арахьа а бехачу нохчаша емалдира Тепсуркаев Салманна дина таIзар, цара видеош дIаязйира Нохчийчоьнан куьйгалле хьажийна.

Амма регионерчу Iедалхоша дIахьедира, Тепсуркаевна дина таIзар "догIуш дара", амма шаьш гунахь дац аьлла.

Изза хьажам болуш дара, "Грозный" телеканалан сайте хIоттийначу видео тIехь мехкан муфтийс Межиев Салахьа аьлларг а.

"Цхьана боьхачу хIумано оьзда мел доцург дийцинера. Иза тхан берашна кара а вина, цунна таIзар дина. Нийса а дина", - дIахьедира муфтийс.

ХIинца а хууш дац, стенгахь ву Тепсуркаев Салман.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG