ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 13 стаг велла уьнах дийнахь-бусий, цомгуш хилла кхин а 992


ТIьаххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, 13 пациент, керла цомгуш хилларг ву цунах 992 вахархо.

Краснодар-макахь 5 стаг кхелхина, ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь – кхоккха, Дагестанехь, Нохчийчохь – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана цунах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 3341 стаг.

Мехкашкахь 24 сахьта чохь а, юхьанца дуьйна т1екхиина а долу дархойн терахьаш иштта ду:

• Ставропол-мохк + 213 (24592)

• Краснодар-мохк + 160 (19708)

• Дагестан + 98 (17522)

• Кхарачой-Чергазийчоь + 90 (11001)

• ГIебарта-Балкхаройчоь + 88 (11450 )

• ГIалмакхойчоь + 73 (10528)

• Адыгей + 71 (6899)

• ГIалгIайчоь + 70 (8401)

• Къилбаседа ХIирийчоь + 72 (8318)

• Нохчийчоь + 57 (3195)

  • 121 614 стаганна кхетта коронавирус Къилбаседа Кавказехь. Ерриг Оьрсийчохь и терахь лору 1 948 603.* Зуьйш йолчу вакцинашлахь тоьлларг лору Германино кхоьллина BNT162b2.

XS
SM
MD
LG