Дагестанерчу юкъараллан жигархоша къийсам болийна, социалан машанашкахь админаша зудаберашца ден харц йозанаш зорбане а дохуш, цул тIаьхьа цаьрца лелочу шантажна дуьхьал. Яздо цунах лаьцна Кавказ.Реалиино.
"ВКонтактерчу" иштачу цхьана тобане язвелла вара 40 эзар стаг, юкъараллехь резонансе гIуллакх иккхинчул тIаьхьа дIакъевлира группа. Делахь а, кхийнолу иттаннашкахь тобанаш шайн болх дIахьош ю хIинца а.
Дуккха а меттигаш нисбелла, оцу тобанаша Iорадаьхна суьрташ бахьана долуш, гергарчара шайн доьзалшна етташ. Дагестанан блогерша дийцарехь, цхьа йоI ша шена тоьхна, еллера.
"ВКонтактан" администрацига Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дехар динчул тIаьхьа бен аьтто ца хилира "Рачид" цIе йолу тоба йохо. Полицин балхана новкъарло йо аьлла, бехкаш дехкира юьхьанца оцу проблемина тIе терго оьзначу блогершна.
"Зудабераш Iаламат чIогIа кхоьру"
Оцу социалан машанашкарчу группех дуьххьара терго йинчех ю Алиева Марьям. ХIусамехь латточу гIелонех масех книга язйина, арахецна цо, иштта, "Дневники горянки" цIе йолу агIо ю цо лелош инстаграмехь.
Беттанашкахь яздора цо, социалан машанашкахь лелачу пабликийн каракхача тарло муьлххачу а зудаберан сурт бохуш.
Оцу кепарчу группийн администраторша суьрташ мехкарийн агIонашкара схьаоьцура, царна тIехь фотошоп а еш, уьш сийсазбен тексташ а язйора. Цул тIаьхьа, мехкаршкара ахчанаш доьхура, "компромат" дIайоккхург, дуьйцу Алиевас. Ца хуьлчу далахь, гергарчаьрга дIахьедийр ду олий, кхерамаш туьйсуш хиллера.
"Дукха хаамаш оьху соьга. ХIора де мел долу бохург санна шантаж йо",- дуьйцу Кавказ.Реалиин корреспонденте Марьяма.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дIахьедар де бохуш, дукхазза хьехарш динера Алиевас зудаберашна, амма реза ца хуьлу уьш.
"Мехкарий чIогIа кхоьру. Гергарчара цхьанна йиттина меттиг бу. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шаьш гIо дан кийча ду а аьллера. Делахь а, цкъачунна кхин дIоггара цаьргара хуьлуш гIо а дац",- боху къамел дечо.
Ах миллион аудитори йолу Дагестанера блогер Дибир Борода дукха хан йоццуш тIевирзира оцу проблемина. Инстаграмерчу шен пена тIехь иттех видеоролик хIоттийра цо, "Рачид" пабликан администарторшка кхайкхам беш. Къаьсттина дукха аьрзнаш кхочура оцу тобана.
"Сан агIоне язбеллачу наха дукха хаамаш кхачабора соьга, со "ВКонтактехь" хила а ца хуьлу, цу чохь леларна башха тIекхуьуш а вац со. Йа и хIун группа ю а ца хаьара суна. Моьттура, цхьа чухула юхучу кучамашца долчу зудаберийн даьхна суьрташ лелош группа ю. Юха цхьана йоIа яздира соьга. Шена евзаш йолу цхьа йоI ша шена тоьхна елла, шен сурт оцу паблико нахала даьккхинчул тIаьхьа аьлла, дийцира цо соьга. Иза ма яц цхьана а хIумана гунахь а. Цуьнан хIуьттаренна цхьаммо аьллачух тера ду, кхуьнан сурт зорбане даккха", - дуьйцу Дибира Кавказ.Реалиин корреспонденте.
Шен посташкахь блогеро доьхура оцу тобан админе, и группа дIакъовла хьайн лаамца бохуш. Масех де даьллачул тIаьхьа Дибира дIахьедира, "Рачид" ша лелош ю аьлла. Пабликера зудаберийн суьрташ дIадехира, церан меттан Дибиран сурт дара хIоттийна.
Оццу сарахь, Дагестанан пабликашкахь видео яьржира, цхьана тобанан админна Алиханна етташ гойту.
"Цара цхьа провокаци еш, яржийна хиллера и видео, "Рачидан" админна етташ ю аьлла, кеп хIоттош. Ас цаьргара и паблик схьаоьцу суьйре ю-кх иза. Ас цхьанна етта а йиттина, тоба схьаяьккхина бохуш, сурт хIоттош бара уьш. Резонансе гIуллакх дара иза. Iедалан органаш суна тIетаса дагахь дина хIума дара и", - бохуш, дуьйцу Дибира роликах лаьцна.
Цара юьхьарэцна нах карор тоьлу
Блогер тешна ву: оцу кепарчу пабликийн админийн цхьа лаам бу аьлла- хайп а, деш-дуьтуш доцуш, ахча даккхар а.
"Бизнес ю иза. Ахчана дуьхьа лело хIуманаш ду. Церан вовшашца хилла йозанаш дешча, гуш ду иза. И йоллу церан коьрташкара IалагIож ахча бахьана долуш ю. "ВКонтакте" башха кхераме яц, телеграмехь церан долчуьнга хьаьжча. Канале оьцург мах боккху - 500, йа 700 туьма. 150 эзар сов ву цаьрга язвелларг. Цхьа къиза боьхалла ю цигахь лелориг", - чIагIдо Дибира.
Группех дIакхетачаьргара ахча даьккхина ца Iаш, мах бала беза царна, сурт зорбане доккхург а. ТIаккха йолош ю шантаж: сурт дIадоккхург ахча доьху цара, иттаннашкахь эзарнашшкахь ду тIедожориг.
Масех де хьалха "Рачид" тоба хьалхалерачу шайн админийн караяханера. Юха а, хьалха санна, шайн болх болийра цара.
Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера комментари эца аьтто ца белира Кавказ.Реалиин. Эххар а жоп делира урхалло шайн социалан машанарчу сайтехь. Цара бехк биллира жигархошна, полицин балхана новкъарло а еш, совнах гIовгIа яккхарна а.
"ВКонтактан" кхерамзалла Iалашъечу администрацига арз динчул тIаьхьа, эххар а дIакъевлира "Рачидан" агIо. Делахь а, хIара материал зорбане йоккхучу хенахь, изза цIе йолу паблик йолуш яра, цуьнан хиллачул ала тарлуш, буха язбелла нах а болуш.
Тобанан агIонехь коьртехь язйина ду, хьалхалера юкъаралла дIаяккха дийзира шайн, Дагестанан МВД урхалла шайна тIаьхьаяларна аьлла. Ткъа керла тоба цавевзачу цхьанна йоьхкина боху.