ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабахаца барт хуьлуш машаран кехатна куьйгаш яздинчул тIаьхьа Эрмалойчохь хиллачух


Ломарчу Карабахан хьокъехь Азербайджанца хиллачу бертана дуьхьал йолийна протестийн акци
Ломарчу Карабахан хьокъехь Азербайджанца хиллачу бертана дуьхьал йолийна протестийн акци

КIира хьалха, ГIуран-беттан 11-чохь Эрмалойчоьнан премьер-министро дIахьедира, Азербайджанца а, Оьрсийчоьнца а Ломарчу Карабахан хьокъехь шайн барт хиларх. Настоящее Время телеканало дуьйцу, оцу заманчохь цигахь хиллачух.

МаслаIат деш куьйгашяздар эрмалойн оппозицино капитуляци санна тIеийцира, Ереванан урамашкахь юха а эзарнашкахь нах бу.

"Даваджан" бохург – ямартхо бохург ду. Плакаташ тIехь яздина а и дош дара, майданашкахь оцу дашца маьхьарий деттара.

"Премьер-министро Пашинян Николас лелош мер дерг зуламхочун, тIеман ямартхочун лелар ду. Эрмалойн къоман интересаш чоконца йоьхкинарг ву иза", - элира акцин цхьахволчу декъашхочо.

Кхаа агIоно: Оьрсийчоьно а, Эрмалойчоьно а, Азербайджано а бертан кехатна куьйгаш теIийначул тIаьхьа, хIинццалц шаьш дIалаьцна хиллачу позицешкахь севцира тIемалой. Ломарчу Карабахехь хьалхара тIом боьдучу хенахь шайгара дIадаьхна дозанаш юхадерзон ницкъ кхечира Азербайджанан. Хьалха дIаяла тIейожийначул а алсам территореш Азербайджанна дIаяла декхаре йина Эрмалойчоь. Ю царлахь царна мехала хилла Шуши (Шуша) а. Шина агIонан эскархой вовшахкхеттачохь дIахIиттина бу Оьрсийчуьра бахана машарбархой.

Хилла барт Бакухь толам санна тIеийцира. Еревано тIедожийна Пашинян Николана премьер-министран дарж охьадиллар. Цхьайолу акцеш нах лоьцуш, йоьрзу.

"Уггар а боккха бехк сан бу. Со тIетайра Агдам а, Лачин а, Карвачара (Кельбаджара) а Азербайджане дIаяларна", - аьлла Пашиняна.

Ши шо хьалха Iедале веана Пашинян Никола, урамашкахь яккхий акцеш хIиттийначул тIаьхьа, дIаваха дагахь вац, оппозиционераша бахарехь, шаьш эшна дисаран бехк шена тIелаьцнашшехь.

Официалехь а доцуш, оппозицино тезетан де ду аьлла, дIакхайкхийна карарчу беттан I4-гIа де. Оцу тIамехь эгначеран сий деш, чIурамаш а хIиттон оьху нах.

"Тахана тхайн кортош охьа а охкош, даимна а дIадахна тхайн бераш дагалоьцуш, чIурамаш хIитто даьхкина тхо. Къона бара уьш. Дуьне гина а боцуш",- боху акцин декъашхочо.

"Суна а, сан воIна а эхь ду хIара. Сан кIанта соьга элира: "Папа, эшначу армин салти санна цIа ван веза со хIинца?", - боху кхечу стага.

Оццу шарахь, ГIуран-беттан 14-чохь, Iедалша лецира оппозицин лидер. "Отечество" партин лидер, къоман кхерамзаллан хилла куьйгалхо Ванецян Артур бехкевина Пашинян Николана тIелатар кечдина аьлла. Кхелан гIишлона хьалха керла митинг ю хIоттош. Ванецянан адвокато Варосян Ерванда бахарехь, талламхойн карахь ду телефонашкахула динчу къамелийн тоьшаллаш.

"Суьйранна Ванецян цIа воуьйтуш ву. ШолгIачу дийнахь Пашиняна кхайкхамбо ветеранашка, Ереване юхадерза, "цIийзачу жIалешца" дерг къастон, олий. ТIаьхьо, бакъдерг дийцича, тилкъазваьллера ша, ишта олуш вацара баьхнера цо. Делахь а, оппозицино, шаьш сийсаздеш санна, тIелоцур ду и дешнаш", - боху адвокато.

"Шен оппоненташна дуьхьал ницкъ баккха аьлла-кх, ма-дарра аьлча, премьер-министро. Муьлш бу "цIийзарш"? Байъинчу доьзалийн наной бу? ЦIийндайх бисина хIусамнаной бу, йа вежарий байъина йижарий?", - хеттаршка вуьйлу Къоман гуламан депутат, "Процветающая Армения" парламентан фракцин секретарь Абовян Арман.

Керлачу митингехь дакъалоцуш ву Къоман кхерамзаллан кхеташоно маьршаваьккхина Ванецян а.

"Шайна дуьхьал жигара къийсам латточу тхох кхоьру Эрмалойчоьнан политикан Iедалхой", - аьлла, тешна ву Ванецян. Настоящее Время телеканале аьлла цо, премьер-министран дарже кхача Iалашо йолуш хиларх. Буьйсанна Пашинян Николе премьеран дарж охьадиллар тIедожийна Эрмалойчоьнан президенто Саркисян Армена а.

"Пашиняна къепе дIахIотто цIа дуйла аьлла, кхайкхамбина ветеранаш билггал юха а оьхуш, майданашка буйлуш бу. Оппозицица цхьа дог-ойла йолуш ца хуьлу уьш гуттар а", - аьлла Саркисяна.

"Цо дерриг а нийса дина. Кхин тIом ца кхайкхабайтархьама, тIом бах ца балийтархьама, куьйг яздина цо. Оха Азербайджанца бина бац тIом, Туркойчоьнца бина. Ткъа Туркойчохь – 90 миллион гергга адам ду", - аьлла акцин цхьана декъашхочо.

Оппозици гуллучу Маршонан майданахь иштта вовшахкхета тIемашкара цIабирзина ветеранаш а.

"Бинчу гонехь дисина 25-30 эзар эрмалойн эскарш кIелхьарадахар ду иза. Пашиняна кхетамца дина хIума ду", - боху ветерано Барсегян Арута.

Официалан зерашца, тIаьххьарчу конфликтехь вийна Эрмалойчоьнан 2400 гергга вахархо.

Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира I994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG