ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

YouTube, Facebook, Twitter дIакъовларх долчу низаман проект кхаьчна Пачхьалкхан Думе


Оьрсийчуьрчу цхьаболчу хаамийн гIирсийн контент хьовсархошна тIекхача йоьхкуш хуьлу YouTube, Facebook, Twitter дIакъовла бакъо яларх лаьцна низаман проект чуелла депутатийн тобано тахана.

Проекто магадо маршонан кепаш, дешан паргIато талхош хилар Оьрсийчоьнан инарла прокуратуро а, цуьнца цхьаьна арахьарчу гIуллакхийн министралло а, Роскомнадзоро а Iорадаьккхина информацин ресурс дIакъовла.

Проект чулуш депутаташа шаьш яздинчу кехатехь боху: "20-зза сов хааелла дискриминаци" еш Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсашна Раша Тудей, "РИА Новости", "ГIирма 24". Оцу хьолах цензура олу проектан авторша.

Роскомнадзоро хьалхо критика йира YouTube, Facebook, Twitter ресурсашна цара Бесланерчу школехь нах хIаллакбар гойту "Россия-1" телеканало яржийна фильм кегий берашна хьовса дехкерна.

XS
SM
MD
LG