ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу хиламех: Макронан кост, Путинан сий, Керимовн арз


Макрона 15 де делла имамашна Республикан мехаллийн харти къобалъян

Францин президента Макрон Эммануэл цхьаьнакхетта Елисейн майданарчу цIийнахь бусалба динан кхеташонца, 15 де делла имамашна Республикан мехаллин харти а оьцуш, Ислам харц кхеточу наханна дуьхьаллатта реза хила.

Францойн лидерна гарехь, политикан болам хила ца беза Ислам, пачхьалкхехь бехачу наха лелочу динех цхьаъ а хила деза. Цул сов, доьхку цо дозанал арахьара Францерчу бусалба нехан гIуллакхашна юкъа гIерта. Имамийн пачхьалкхан кхеташо кхолла еза, цо луьттур бу Францехь имамаш, аьлла Макрона. Республикан хартин тIедахкарш кхочушдеш боцу динан дай дIабохур бу шайгарчу даржашкара, аьлла президента. Францин полицино бечу хаамца, 4000 сов динан радикал ву пачхьалкхехь, сацамбина царех 200 сов махкахваккха.

Путин цавезачийн проблемаш ю полицица

Путинна вониг аьлларг, цуьнга цабезам къадийнарг, иза милла а велахь, полицино тидаме оьцуш ву Оьрсийчохь. Петербургерчу "Смольнинское" кIоштан муниципалитетан кхеташоне полици яхана цигарчу цхьана депутата президентан пена тIехь кхозу Путин Владимиран сурт датIийна аьлла кхаьчна арз талла. Амма депутаташлахь зуламхо кара а ца вина, дIаяхана полици.

Владивостокерчу вахархочунна полисхоша Какабадзе Гияна кехаташ хIиттийна, цо шена Путин цавезар гайтина аьлла. Стохка Инстаграме президентан сурт хIоттийна цо, "Робин Пут. Къехошкара схьадоккху, хьолахошна дIало" дешнашца. ШолгIа претензи ю Iедалан Какабадзега цо Путинан сурт фашистан духарахь даржорна. Кхелашкахула лелош ву иза карачу хенахь.

Керимов Сулеймана арз чуделла "Ведомости" газетина дуьхьал

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь сенатор а, бизнесехь дуккха а хьалх долу совдегар а волчу дагестанхочо Керимов Сулеймана "Ведомости" газетина а, Forbes а, "Собеседник" а журналашна а дуьхьал Москварчу Басманан кхелехула дов кховдийна.

Кхо шо хьалха араяьлла "Керимов Сулейман, миллиардаш а гулдина, муха лечкъина IиндагIе" цIе йолу артикл зорбанера дIа а йоккхуш, харцъяр тIедожадо цо хаамийн гIирсашна. ХIоранне ах-ах бIе эзар сом гIуда такхийтар а доьху кхеле Керимовс. Журналисташ реза бац орзанна, шаьш цхьаннан а сий ца дожийна, шайгахь йолчу дешан маршонан низам шаьш ца талхийна, чIагIдо цара.

XS
SM
MD
LG