ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупцица къийсам латточу полицин декъан куьйгалхо набахте хьажийна Ставропол-махкахь


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экономикан кхерамзаллин, коррупцина дуьхьалояран Невинномысскерчу декъан куьйгалхо лаьттина Мироненко Ефим набахте хьажийна, яздо РБК агенталло.

Талламо бахарехь, меттигерчу цхьана вахархочун белхан гIуллакхаш талла долийна хилла Iедало, ткъа Мироненкос, ша бехктакхамах хьалха воккхур ву иза, аьлла цуьнга, нагахь санна цо шена ши миллион сом кхаъ лахь. Оцу хиламан лорах лаьцна полицино Мироненко, цо кхаъ схьаоьцуш.

Арахь такха кхо шо а кхайкхош, 300 эзар сом гIуда тоьхна Мироненкона.

  • Хьалхо Минеральные Воды гIалахь яккхий неабахтин хенаш туьйхира полицехь болх бинчу веа стаганна – кхаьънаш эцарна а, даржаша лучу бакъонел совбийларна а бехкебира уьш.

XS
SM
MD
LG