ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

21 стаг кхелхина коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


ТIаххьарчу дийнахь-буса COVID-19 цамгарх 21 пациет велла, кхин а 1037-ннехь карийна ун Къилбаседа Кавказехь.

Оперативного штабан хаамца, Дагестанехь коронавирусах кхелхина бархI стаг, в Краснодар-махкахь – ялх, Ставропол-махкахь – виъ, ГIебарта-Балкхаройчоьхь – шиъ, Нохчийчохь – цхьаъ. Ерриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин хьелашкахь велла лору 3425 стаг.

Кху тIаьххьарчу 10 дийнахь-буса уггаре дукха нах регионехь белла де ду Лахьан-беттан 19-гIа – 25 стаг, к1езиг белла нах 16-чохь – 12.

Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а коронавирус кхетта мехкашкахь:

• Ставропол-мохк + 218 (25463)

• Краснодар-мохк + 172 (20376)

• Дагестан + 107 (17927)

• ГIебарта-Балкхаройчоь + 90 (11808)

• Кхарачой-Чергазийчоь + 85 (11350)

• Адыгей + 79 (7213)

• ГIалгIайчоь + 73 (8696)

• Къилбаседа ХIирийчоь+ 72 (8608)

• ГIалмакхойчоь + 72 (10830)

• Нохчийчоь + 69 (3451)

XS
SM
MD
LG