ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман баьчча Темирбулатов муха велла таллар доьху дуьненан юкъаралле бакъоларъярхоша


"Правовая инициатива" ("Бакъонан инициатива") проекто дехар хьажийна Дуьненаюкъарчу Къаьмнийн организацин Адамийн бакъонашкахула йолчу комитете Оьрсийчоь нохчийн тIеман баьчча Тимербулатов Салман валарх йолу информаци йовзийта декхареяр доьхуш. Владимир гIаларчу набахтера Соьлжа-ГIала кхачийнначу дийнахь – Гезгмашин-беттан 26-чохь – велира Тимербулатов. Дог иккхина велла иза аьлла бара официало баржийна хаам.

  • Хьалхо Дуьненаюкъарчу Къаьмнийн организацин Адамийн бакъонашкахула йолчу комитето сацам бира, Оьрсийчоьнан Iедало бехк ма-доггIу таллаза, низам а дохош лаьцна кхобу 6 нохчо, аьлла. Буьйцучаралахь вара Тимербулатов Салман а.
  • 2004-чу шарахь йира Темирбулатовна низамехь боцчу тIеман ницкъашкахь латтарна кхел, ткъа шо хан туьйхира набахтехь такха. Талламчийн информацица, Гуьмсан кIоштахь эмир лаьттина иза, хилла президентан Масхадов Асланан гонехь.

XS
SM
MD
LG