ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара хиламаш: коррупци эшийна, коронавирусна шайгара дарба лелор дихкина, нохчийн гIоьнча кхелхина


  • Кхаъ бала гIоьртинчу Нохчийчуьрчу яхархочунна таIзар дина

Даржхочунна кхаъ бала гIоьртина аьлла, бехкейинчу Нохчийчуьрчу яхархочунна В. Маккина дуьхьал даьккхина бехтакхаман гIуллакх листина Старопромыслан кIоштан кхелехь. Меттигерчу хаамийн гIирсаша бина цунах лаьцна хаам.

Суьдхоша тIечIагIдарца, административан протокол хIоттон полисхойн декъа кхайкхина еана хиллачу иза, жоьпаллех яла хьоьвзина, ахча а делла. Йоьдучу кхелехь шегара даьллачунна къера хилла зуда. Старопромыслан кIоштан кхело арахь яккха цхьа шой ялх буттий хан кхайкхийна Маккина.

  • COVID-19 ун даьллачара шаьш шайна дарба лело мегар дац аьлла Кадыровс

COVID-19 вирус кхеттачу наха шаьш шайна дарба до а моьттуш, шайн могушалла хIаллакйо. Шайн хеннахь лоьрашка кхачам боллу гIо ца дехарна, гIоле ца хуьлуш, меттахь бахло уьш. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина цунах дIахьедар, регионерчу бахархошка кхайкхам беш, яздо REGNUM агенталло.

"Бахархоша шаьш шайна молха-дарба лелош, йа доларчу клиникашкарчу ледара болх бечу лоьрашна тIе боьлхуш, меттигаш нисло. Коронавирусах хьалха бовла гIертачу наха аптекашкахь препараташ оьцуш, ахчанаш дойу, дарбан хIусамашкахь маьхза молханаш луш доллушехь. Амма халахетарг ду, шайн хенна кхачам боллу лоьрашкара хьашташ ца кхачар царна", - яздина нохчийн куьйгалхочо социалан машанехь, Нохчийчоьнан могушаллин министрца Сулейманов Эльханца а, цхьа могIа дарбан хIусамийн коьртачу лоьрашца а цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа.

Хаамийн гIирсашкахула бахархошна информаци дIакхачор тIедиллина Кадыровс, ша шена дарба дан гIертар кхераме дуйла а, лазаран билгалонаш гучуйовларца, говзанчашка кхайкха дезар а дIахоуьйтуш.

Иштта, дIахьедина Кадыровс, коронавирусан уьнца дарбан хIусамашкахь болчу пациенташца совнахберш чу ма бита аьлла.

"Цомгашчунна тIехь Iуналла дан стаг чувита мегар дац – могIарерчу бахархошна тIера лакхарчу даржхошна тIе кхаччалц. Маьнгаш дархошна тоаме хилийта деза вай", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

  • Нохчашна тIеман заманахь гIо латтийна журналист, бакъоларъярхо кхелхина

"Новая газетан" автор, мухIажиршна гIо латточу Дуьненаюкъарчу боламан куьйгалхо, "Миграция – XXI век" журналан коьрта редактор, 83 шо долу Графова Лидия кхелхина.

Графова Лидия
Графова Лидия

"Дог цIена, ша зорбане йохучу материалийн турпалхой: тховкIело йоцурш, мухIажирш, дIатесна нах Iалашбеш яьхна стаг ю иза. Даим а дагахь лаьттар ю!", - аьлла, яздина твиттерехь президетан цIарах адамийн бакъонаш Iалашъеш хиллачу Федотов Михаила.

"Комсомольская газетехь" а, "Литературан газетехь" а, иштта "Гражданское содействие" комитетехь а белхаш бина ю Графова Лидия. ТIаьххьарчу шерашкахь зорбане йохура цо шен артиклаш "Новая" газетехь а.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь Эстемирова Натальица цхьана мухIажиршна гуманитаран гIо латтийра цо, ткъа 2004-05 чу а шерашкахь Бесланерчу терактехь лазийначарна гIо дира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG