ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юрист маьрша ву, талламна новкъа хиллалц". Хасавов Дагиран девно сагатдойту адвокаташка


Москвахь, Измайловн кIоштан кхелехь доьрзуш ду вевзаш волчу адвокатна Хасавов Дагирна дуьхьал хотту дов. Иза жоьпе озийна ша дакъалоцучу бехктакхаман гIуллакхехь цо процессан агIонах цхьанна тIеIаткъам барна. Адвокатийн юкъараллина хетарехь, шайн коллегашна болх дIакхехьа новкъарло еш хилар гойту оцу девно. 137 адвокато дIахьедар даржийна Хасавовн агIолоцуш. Кавказ.Реалиин корреспондента хаьттира адвокаташка, Хасавовна дуьхьал айдина дов стенна ду юкъараллин тергонехь.

Дагестанан куьйгаллехь болх бинчу нехан дов хоттучу хенахь, ша церан адвокат волуш, цаьргара эшам хиллачу нахе харц тоьшаллаш дайта гIерташ, уьш кхерош лелла Хасавов, чIагIдо талламо.

Дагестанан министрийн кабинетан куьйгалхо Iийна Гамидов Iубдусамад а, цуьнан гIовс Юсуфов Раюдин а бехкевора лецна нах чохь кхобу ихолятор тоян хьажийна 41 миллион сом доладаккхарна. Амма эшам хилла аьлла билгалъяьккхинчу хьукматан векала кхеле дIахьедира, шайн организацина хилла дац зен, аьлла. Пачхьалкхан ахчанах гIишлошъечу дирекцера вара и стаг ("Дирекция единого государственного заказчика-застройщика"). Цо иштта къамел дича, Инарла прокуратуро кехат дахьийтира Дагестанан Iедале, "талла, иштта дIахьедарш дан мел бакъо ю Дирекцин векалан", аьлла.

Кхелан рогIерчу ладегIаршка кхин стаг хьажийра "Дирекцино" – Фтуллаев Арсен. Цо бакъдира шайн хьукматна зен дина хилар.

Хасавовс социалана машанашкахула ма-дарра довзуьйтура йоьдучу кхелера хьал. Цо 2019-чу шеран Гезмашин-беттан 16-чохь машанерчу шен агIоне йиллира Фатуллаевс кхелан хеттаршна жоьпаш луш яьккхина видео, кхойкхура хьовсархой "цуьнан кIиллолла, ша-шех доладеш вацар" дуста. ШолгIачу дийнахь ФСБ-но иза лецира, цо Фатуллаевна тIеIаткъам бина аьлла. Дагавов бехке хилар тIечIагIдеш, талламо юьхьаръэцна цо Фатуллаевга шен юридикан Iуналле эцна волчу Юсуфов Раюдинан воIехула, Юсуфов Вадимехула, бахьийтина хилла боху аудиохаамаш.

Талламан версица, жимахволу Юсуфов а, Гамидов Iабдусаламан хьехамча лаьттина Джамалудинов а декъахь а волуш, гIера кхоьллина Хасавовс. Джамалудиновна тIедиллина хилла, бахарехь, Фатулаевца къамел дар – церан вовшахкхетар тергалдеш видео а ю яьккхина.

Талламехь йолчу цхьана аудио чохь боху Хасавовс – иза цо Юсуфов Вадимца ден къамел ду – цхьаъ, баккхийчех верг "шен кепехь" Фатулаевга вистхилла, цунна хиина кхелехь Фатулаевс аьшпаш стенна буьтту.

"Иштаниг мегаш дац, цунах жоп дала дезар ду, бехктакхаман гIуллакхе дерза а тарло. АллахIна хьалха-м муххале а жоп дала дезар ду. Нийса ма дац оццул эхьдоцуш хилар", - цецвуьйлу иштачу цхьана аудиокъамелехь Хасавов.

Юсуфов Вадима дийцина кхелехь, Хасавовс баккъал а даийтира шега аудокъамел, амма цо бохура иза Фатуллаевга дIакхачаде, аьлла. Юсуфовс ша шеггара, шен лаамехь хьажийра боху Фатуллаевга Хасавовн къамел.

Джамулаевс а аьлла кхеле ша Фатулаевна цхьана а кепехь тIеIаткъам бина бац. Цо дийцарехь, Фатулаевс аьлла цуьнга, ша ца волу кхелехь шен белхан хьукматан позици юьхьар ца эцна, цо ала боххург ца аьлча.

Къарлуш воцург кагвар?

Оьрсийчоьнан маьI-маьIIера волчу 137 адвокато дIахьедар даржийна Хасавовн агIолоцуш. Уьш тешна бу, иза лацар, кхеле кхачор, цо, профессионало, Дагестанера хьаькамаш бакъбарца дозаделла ца Iа, адвокат "хьаша, профессера дIаваккха" гIаттийна компани хиларх.

"Шайн бекхаман той хIоттош, Хасавов цавезачара тидаме ца диллина профессин сий лардийраш беккъа цхьа журналисташ я актераш хилла ца Iайла. "Хасововца лелориг низам цаларар ду – оцо дог човхийна тхан, Оьрсийчуьрчу массо а адвокатийн, юристийн. Цхьана соне таба, аьлла, ницкъхой коьрте а хIиттийна, юкъараллехь тхаьшна цхьа декъаза меттиг къастош го тхуна, оха хIун до хьажа кечбина болх бу иза" – боху дIахьедаро.

Оьрсийчуьрчу адвокатийн маршо кхачало цара талламна, бехк нахана тIехьочу урхаллина новкъарло ешшехь, боху адвоката Лебедев Александра. Иза ша а ву низамхошна нийсо ян новкъарло йина аьлла, стохка жоьпе озийна хилла. Амма цуьнан аьтто белира ша бехкевацар дIагайта.

"Бехк тIечIагбан шайна оьшу хьал ца нисделча, талламчаш а, прокуратура а кеп-кепара тIеIаткъамаш бан буьйлало адвокаташна. Хасавовс а, цуьнан коллегаша а оцу хьесапехь уьш лелар туьду шаьш бехкала вигина Юсуфов Раюдин юристийн-профессионалийн гIоьнах вакха гIертаца. Адвокаташна шайн болх дIакхехьа новкъарло яр ду иза", – боху Лебедевс.

Юкъараллехь тхаьшна цхьа декъаза меттиг къастош го тхуна, оха хIун до хьажа кечбина болх бу иза

Хасавов бехктакхаме озор, и санна долу кхин девнаш а санна, къарлуш воцчу адвокатна гIелояр ду адвокатна Джулай Дмитрийна хетарг.

"ТIаьххьарчех цхьа дов ду лаьцна латточу, шаьш гIодечу стаганна тIекхача гIоьртинчу адвокаташна етта а йиттина, Кавказехь уьш бехктакхаме озор, цIера арабовла доьхкуш, жоьпаллина бухабахьар. Кхелаш даима а санна талламна тIетов. Адвокат элп алале изолятор чу вуллу, ницкъхоша ма-аллара аьлча, "иза адвокат ву, цуьнца шатайпа хаар ду, иза цундела талламна новкъа хир ву", олий. Иза профессионална ен дискриминаци ю", - элира Джулайс.

Оьрсийчохь адвокатна мел кхерамзалла ю гойту низамхоша цаьрца латточу юкъаметтигаша, аьлла хета адвокатна Борисов Юрийна.

"Хасавов тешна ву Фатуллаевс Юсуфов Раюдинна дуьхьал доцург аьлла хиларх. Хьал иштта ган бух а бу цуьнан. Шена хетарг Хасавовс ша бехкевечун кIантаца динчу кхаа аудиокъамелехь дIа а хазийна. Ткъа Фатуллаевс талламе арз яздина, шена кхерам тесна аьлла. ХIун комментари хир ю кхузахь? Нийсоне гIерта адвокат, цу тIе 30 шарахь болх бина а волуш, дера ву шайн Iалашо тIеяккха гIертачу талламчашна, прокурорашна новкъа. ТIаккха дIаяккха еза-кх адвокатура ерриг а, ца оьшу-кх къовсаман агIонаш кхеле кхайкха", - инзарвуьйлу Борисов.

ТIебогIучу беттан 19-чу дийне дIаяхйина Хасавов лаьцна кхаба тору хан. Кхел рогIерчу ладегIаршка гуллур ю еарин дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG