ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а Оьрсийчуьра 90 бер ду Шемара цIадало кечдеш


Берийн омбудсмен Кузнецова Анна

Оьрсийчуьрчу берийн бакъоларъярхочун пресс-гIуллакххоша хаамбарца, Шемара Оьрсийчу дало кечдеш ду кхин а 90 гергга бер.

"90 гергга Оьрсийчуьрчу кхиазхойн кехаташ кечдина довлуш ду",- аьллачу омбудсменан Кузнецова Аннин дешнаш далийна ТАСС агенталло.

Карарчу беттан 13-чохь даймахка далийна 31 бер хIинцале а Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу а, Кхарачой-Чергазийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а, иштта Ханты -Мансийскан автономин гонашкарчу а церан гергарчаьрга дIакхачийна аьлла, тIечIагIдина Кузнецовас.

"Берийн хьалхара тоба дахначу пIераскандийнахь дарбан цIийнера араяьккхина. Кхечарна кхин а дарба оьшура лоьрийн. Тахана тIаьххьара ши бер дIадигина церан гергарчара", - аьлла берийн омбудсмено.

Эзарнашкахь кхин а Оьрсийчоьнан бахархой буьсу Иракъехь а, Шемахь а. Доккхачу декъанна, уьш бу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн зударий а, церан бераш а. Маршо Радионо яздира, шаьш цIа дигаре сатуьйсуш, мухIажирийн каппашкахь латточийн кхолламех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG