ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Тийналлехь ойланаш-2 


Тийналлехь ойланаш


Сан нана, Iаламо хьо денъян дехча,
Кийрара мерз са ас дIалур дара.
Сийдайна висарца, халкъо дIатесча
Цу цIергахь ваган а кийча хир вара.
********
Накъост, ахь диц ма диэ кхуззахь ас аьлларг.
Бакъонал нуьцкъала, кхин ницкъ хир бац.
Цуьнан сий, пусар деш дахарх чекхваьлларг,
Лахьтичу верзарх а велла ма вац.
*********
Пхьагало шен кийрахь лоьман дог хилча,
Гур дара шен новкъахь зуламаш деш.
Iалур ма вацара кIиллу а иштта,
Ницкъ кхаьчна къуонахчун некъ къахь ца беш.
********
Дарц буьрса гIаьттина хIорд ловза баьлча,
Берд оьшу тулгIенаш сецон.
Цхьа бохам иккхина, са карзах даьлча ,
Дог оьшу гIайгIанаш эшон.
********
Лечанан бен болчу гонаха.
ХьаргIанан лар леха оьшуш дац.
Яхь шортта, сема ву къуонах а.
Цо кIиллойн лаамна некъ лур бац.
********
Дича сайх Iаламо бухь лекха дитт.
Харжарца шуьйрачу цу некъан йист,
Со хIуттур ма-вара къан ца луш
техка,
Адамийн ойланаш иллешца хьеста.
********
Цхьаволчо шен орам хестабеш
дуьйцу.
Шех лаьцна хаьттича юхаъ дай буьйцу.
Дай дика хилар-ма вайна товш деца.
Ткъа шех доп далан а ша хила веза.
********
Цкъа велча ден вала йиш -таро хилча,
ШозлагIаъ сайн новкъа вер вара со.
ХIиттарца стагаллин сийлалла йийца,
Чехор яр юха а осалла хьо.
********
Лам халла хадийна, цул диэхьа волуш
Юха а лам дуьхьал хIоттахь,
ГIулч яккха Даймехкан, ненан цIе йоккхуш,
Вуьссур вац ницкъ эшна новкъахь.
********
Цу попах хIун дийр ду бухь лекха белахь а.
Шен гаьннаш зарзаршна девзаш и бацахь?
Ойланах хIун дийр ду мел йоккха елахь а,
Тешаман серлонца и кхехкаш яцахь?
********
Ледара хеталуш, стагах дог диллий,
Дешнашца и дIа ма волла.
Цо яздан тарлуш ду лийр доцу иллий.
Тарлуш ду я Iилма кхолла.
********
Ирча Iаьхна, цу оьздачу длинна
Виро мийраш тухуш гина суна.
Гина суна,сонтачо а иштта
Дашца чов еш дикчу къуонахчунна.
*******
Тешам гомах болчу дагчохь
Безам кIорга хуьлуш бац.
Маьлхан зIаьнарш кхочуш йоцчохь,
Зезаг нуьрен кхуьуш дац.
*********
Стагалла оьшуш ю шовдах къурд ахь беш а,
Накъостий биц бина совнах хи ца мала.
Стагалла оьшуш ю, стагана ша леш а,
Iожалла шех кхардош, бIаьрхишца ца вала.
********
Дикачу дена вон кIант вича,
Хьуьнчохь нежнаш гIелло бах.
Вочу дас кIант човхош гича,
Мархех хьаьрчаш кхуллу малх.
********
Дахаран ойла еш ма- дарра аьлча,
БIаьргех хи далар а ду цкъацкъа оьшуш.
Ненаха къаьстачу беран мохь баьлча,
Iалур вуй бакъ дог дерг,сапаргIат воьлуш?
********
Воццушехь, хьо харцвеш хьан доттагI гIаттахь ,
МостагIчо цхьа атта эшор ву хьо,
Бакъ доттагI харц вина ахь юьстах таттахь,
ТIаккха а мостагIчун лай ма ву хьо.

XS
SM
MD
LG