ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Шен дуьхьа вехачуьнга


Шен дуьхьа вехачуьнга

Адамийн хьашташна къахьега хIуьттуш.
Йоккхачу говзаллехь гIаланаш юттуш.
Масане, пхьераш дуьненчохь баьхна.
Со царна хастамбеш хьоьжуш ву тахна.


Вукхара тIаьш дина нуьцкъала, онда,
Лелийта царна тIех дахаран ворда.
Уьш дагахь латтабо адамаша хIинца,
ХIиттарца церан некъ баркаллехь бийца.

Аз сирла, говза дош ойланца лоьхуш,
Наб, хало эшийна шен къолам хьоькхуш.
Поэт а даггара къахьоьгуш воллу.
Ткъа цо а шен иллеш халкъана лору.

Халкъана лерина цхьа совгIат доцуш,
Хаставеш хьахорца яккха цIе йоцуш,
Хьо велла дIавевр ву, ца хилча санна,
Темаш ахь лехарна цхьана хьайн дагна.

XS
SM
MD
LG