ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьара хиламаш: Кадыровх кхетта чемпион бехкево, Хасавовна 6 шо хан кхайкхийна


Гайтаман сурт
  • UFC-н чемпионна бехкаш дехкина, Кадыров волчу хьошалгIа вахарна

Bloody Elbow-н автора Зидан Карима америкахойн терго тIеозийна, ийначу кепехь латархо (ММА) Iусман Камар Нохчийчу а вахана, цигахь мехкан куьйгалхо волчахь хьошалгIахь хиларна. Twitter-аккаунтехь бина цо цунах лаьцна хаам.

Нохчийн лидер "диктатор" ву аьллачу Зидана критике ваьккхина Кадыровца цхьанакхетта хилла UFC-н векал. Журналистана тIетайна социалан машанера дуккха а.

Iусман -UFC-н дуьххьара векал вац, Кадыровн резиденцехь хиллачех. Нохчийн лидерца цхьанакхийтира бразилхо Вердум Фабрисиу а, иштта, америкахо Вайдман Крис а.

Iусман Нигерера схьаваьлла Американ ММА-н латархо ву. 17-зза тоьлла иза хиллачу латаршкахь, цкъа эшна.

  • ГIалгIайн жигархо дуьхьал ву жоьпаш дала

Магасехь хиллачу митингехь полисхошна дуьхьал ницкъ баьккхина аьлла, лаьцна Нальчике валийна жигархо Оздоев Мохьмад-Башир дуьхьал ву хеттаршна жоьпаш дала. Цуьнан адвокато бина оцу кепара хаам.

Маршо Радионо яздира, Магасерчу митингна тIехула полисхоша де хьалха Оздоев лаьцна дIавигарх. Нальчикерчу СИЗО дIакхачийна иза аьллера, "Кавказский узел" агенталле жигархочун адвокато Атабиев Казис.

"Оздоев Мохьмад- Башир лаьцна, иза бехкево ницкъаллийн структурийн белхахошна дуьхьал валарна. Карарчу хенахь иза реза ца хилла хиллачух дийца", - аьлла адвокато.

Оздоевн дас Мустафас дийцина "КУ" агенталле, шен кIентан хьокъехь полисхой бахкарх.

"30-х гергга ницкъахо вара ялх машенахь веанарг. ТуьтмIаьжгаш йоьхкина бара уьш. Шайгара кехатан бакъо а гайтина, цIийнах хьоьвсира уьш, амма хIуммаъ кара ца йира. Цуьнан куртка а, куй а лоьхура цара, стенна хьашт хиллера ца хаьа суна. Сан сейф чу а хьоьвсира, цу чохь латтош ду ас лело бакъо йолу сайн герз", - дийцина Оздоев Мустафас.

  • Адвокатна Хасавов Дагирна набахтехь даккха 6 шо тоьхна

Москварчу Измайловн кхело набахтехь даккха ялх шо хан кхайкхийна гоьваьллачу адвокатна Хасавов Дагирна.
Иза бехкевина, Дагестанехь хиллачу хьаькамийн гIуллакхна тIехула ша кхелехь Iалашбан тIелаьцначу нахе харц дареш дайтарна. Буьйцурш бу Дагестанан хилла премьер-министр Гамидов Iабдусамад а, цуьнан гIовс Юсуфов Раюдин а. Уьш бехкебора лецнарш ханна латтон изолятор тоян аьлла, хьажийна 41 миллион сом шайн хьашташна дайъарна.

"Кхелана тхо хезар а ду, иза бехказа а воккхур ву аьлла, цхьа кIезиг тешам бара тхан. Я 4 шо бен тухур дац аьлла хетара", - дийцина Кавказ.Реалиина цуьнан адвокато Теванян Гаянэс.

Талламчийн версица, Хасавовс тоба вовшахтоьхна хилла, цу юкъахь Юсуфов Раюдинан воI а Вадим а, Гамидовн хилла хьпехамча Джамалудинов Iабдусалам а юкъахь волуш.

Джамалудиновна 4 шой ялх буттий, Юсуфовн кIантана кхо шо а хенаш йиттина кхело.

Кхелан сацамна латкъамбан лерина ю Хасавовн адвокат.
Стохка Гезгамашин-баттахь Москварчу Лефортовон кIоштан кхелан гIишло чохь лаьцна, дIавигира Нохчийчуьра схьаваьлла гIумки, адвокат Хасавов Дагир. Кхелехь цо дIахьедира, ша цхьана а хIумана бехке цахилар.

Комментареш

New Comments Available

Кадыровхоша лоьхуш ву, Москвахь акцехь омонхошца тийсавелла Джумаев Сайд-Мухьаммад. Шуна муха хета: хIун дан догIу жимчу стага?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG