ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьно Израиль бехке йина Тегеранна гергахь шайн физик-ядерщик верна


ГIажарийчоьнан пачхьалкхан телевизионехула вистхуьлуш гIажарийн президента Роухани Хьасана бехке йина Израиль, физик-ядершик Фахризаде Мохсен верна. Хьалхо Iилманча верехь Израилан лар ю аьлла, дIахьедар динера цу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Фахризаде верна бекхам бан дош делла оцу исламан республикан аятоллан тIеман хьехамчас Дехкан Хосейна.

Фахризаде велла госпиталехь пIераскан дийнахь Тегеранна гергахь иза вен гIоьртинчул тIаьхьа. Цуьнан машен эккхийтина, цул тIаьхьа масатоп йиттина цунна. Малхбузерчу талламан сервисаш шеко йолуш яра и Iилманча ГIажарийчоьнан тIеман зарратан программан куьйгалхо хила мегаш бохучунна. ГIажарийчоьно тIе ца дуьту, шайн цу тайпа зарратан программа ю бохург.

Фахризаде верна жоьпалла Израилна тIедожийна ГIажарийчоьнан Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллехь волчу векала Раванчи Тахт Маджида а. Оцу организацин инарлин секретаре бинчу кхайкхамехь цо дIахьедина, Фахризаде дакъалоцуш вара аьлла, керлачу тайпана коронавирусан уьнна дуьхьал тест кечйеш, хаам бо гIажаройн ИРНА агенталло.

Американ The New York Times газетан хьастанашна а хета, оцу тIелатарна тIехьа лаьтташ Израилан леррина сервисаш ю аьлла. Цуьнца цхьаьна, кхеташ дац, хууш хиллий-те церан Америкерчу коллегашна и стаг вен гIортар кечдеш хиларх лаьцна.

Фахризаде веро халонга яккха мега Тегеранца юкъаметтигаш тоян дагахь волчу Американ хаьржинчу президентан Байден Джон курс. Трамп Дональда юкъахбаьккхина болу ГIажаричоьнца зарратан программа хьокехь бина барт ша юахаметтахIоттон дагахь хилар хаийтира Байдена. Оцу бертаца а догIуш, цхьана декъана дIайохуш яра Тегеранна Малхбузено кхайкхийна санкцеш, зарратан герз дар гIажароша дитахь.

2018-чу шарахь Американ президента бехке йира ГIажарийчоь, заррат программана тIехь болх бар сацийна ца хиларна, цул тIаьхьа иза юкъаравелира оцу бартана. Оцу сацамна гIортор ца йира Европерчу пачхьалкхаша, гIажаройн тIеман зарратан программа хиларан тоьшаллаш тоам болуш дац аьлла.

Израилан Iедалша комментари ца йина Фахризаде вийна бохучунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG