ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шемахь Iамош хилла уьш, вина де даздар хьарам ду, бохуш". Нохчийчуьра бераш цIадерзорах лаьцначу фильман режиссёраца интервью


Запрещеные дети" (Цамагийна бераш) фильмера сурт
Запрещеные дети" (Цамагийна бераш) фильмера сурт

Москвина Евдокия – Оьрсийчуьра режиссер а, продюсер а, йина Тулехь, ехаш ю Парижехь. Цуьнан "Запрещеные дети" (Цамагийна бераш) - цIе йолу да-нана бехке йолуш Шеман территори тIехь дисинчу Нохчийчуьрчу берийн кхоламах лаьцна фильм, - дукха хан йоццуш билгалъяьккхина Казанерчу дуьненаюкъарчу бусалбан кинофестивалехь. Хьалхо и фильм гайтира Женевехь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохаран коьртачу офисехь.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Москвинас дийцира Шемахь гуманитаран катастрофа хиларх а, тIамехь да-нана а дийна, шаьш дисинчу боберех а.

– Евдокия, ерриг а хьан фильмаш Къилбаседа Кавказца йоьзна ю. Ахь яьхна уьш Дагестанехь а, Нохчийчохь а. Эххаре а хьо Шема кхаьчна, нохчийн бераш цIадалийна ахь. Муха нисделира иза?

Кавказ дукхахенахь дуьйна йоьвза лууш яра. Сайн документалан дебют "Гуьйренан юхье лаьмнашкахь" ас яьккхира Дагестанехь, оцу хенахь 25 шо дара сан. Иза дара 2009-гIа шо, ткъа лаьмнашкахь синтеме хьал дацара. Безаман истори йийца хьаьжира со. Фильм яьккхира оха Рича эвлахь, Дербентана тIехула лаьмнашкахь. Оцу эвлахь дехаш ду агул олу Дагестанан жима къам.

Москвина Евдокия
Москвина Евдокия

Фильм яьккхина ца Iаш, ерриг а Дагестанехула чекхдевлира тхо. Суна гинарг керла дуьне дара. Меттигерчу бахархошца дуккха а къамелаш дира ас, кхета гIоьртира со церан ламастех а, дахарах а. Даьрхойн демократин амал йолччула, масала, агулаш къовламе хийтира суна.

Цул тIаьхьа яра "Тучки небесные" (Стихалан догӀанан мархаш) фиьм. Цуьнан сюжетца а догIуш, тIемало къайлаха цIавогIу, шен берах йолу хIусамнана а, бераш а муха ду хьажа. ЦIакхачале диттан хари чу оьккхуйту молха дIадуьллу цо. ЮхавогIуш федералийн патруло воь фильман турпалхо оцу диттана юххехь. ШолгIачу дийнахь вийначуьнан берах йолу зуда соцу оцу диттана уллохь. Оцу маьIаргонна эккха бомба.

Иза яккха бакъо ца елира тхуна ГIалгIайохь, сценарий "пачхьалкхана дуьхьал" хийтира царна (культуран министраллана. –Бил. ред.). ТIаккха Нохчийчу дахара тхо. Тхо цецдаьхнарг дара Нохчийчоьнан культуран министралло фильм яккха бакъо елла ца Iаш, тхо лардан ОМОН а яийтина хилар.

"Тучки небесные" фильм гайтира Москвахь дуьненаюкъарчу кинофестивалехь 2012-чу шарахь.

– "Запрещённые дети" фильман коьрта турпалхой муха бевзира хьуна?

– Сан фильман турпалхой Нохчийчуьра Теркйист кIоштара да-нана кхелхина йисна 5 йоI а, ткъа иштта къонахалла долу церан дейиша Разет а ю, берийн доладеш йолу. Разетана майралла тоьира, соьца тIеман йийсархой латточу лагере а еана, уьш кIехьарбаха.

Саратова Хедица (Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхо) телефонехула йистхилира со. Цо вовзийтира суна Нохчийчуьрчу Бени-Юьртара оцу йоIарийн деда Ульбиев Желауди. Шемахь кхелхинера цуьнан къант а, нус а, ткъа курдойн лагерехь оцу хенахь яра цуьнан кIентан 2-12 шераш долу 5 йоI.

"Запрещеные дети" фильмера сурт
"Запрещеные дети" фильмера сурт

Деда, кредиташ а оьцуш, шен кIентан бераш кIелхьардаха гIиртинера некъ гойтучу нахана ахчанаш а луш, амма некъгайтархошца цхьана дайра ахча а. Ткъа йоIарийн аьтто баьллера цхьа Делан къинхетам болуш кIелхьарбевлла Багуз гIала кхача.

– Аьтто муха белира хьан цига яха?

– Со масийттаза хилира Шемахь 2018-чу а, 2019-чу а шерашкахь кино йоккхуш. ХIоразза а ас айса кечбора некъ. Масала, йийсархой латточу курдийн лагере кхача Иракъан виза яккха дийзира сан. Цигара хадийра ас доза. Арахьарчу гIуллакхийн министраллера бакъо яккха дийзира сан цу тайпачу меттигашкахь болх бан. Жоьпе ладугIуш Iан дезаш хуьлу масех баттахь.

Оцу хенахь вийра Юккъерчу Африкан Республикехь фильм яккха вахана хилла Расторгуев Саша.

Хаийтар: Оьрсийчуьра режиссер-документалист Расторгуев Александр Юккъерчу Африкан Республикехь вийра 2018-чу шарахь Товбеца-беттан 30-хь, шен шина коллегаца – Джемал Орханца а, Радченко Кирилца а цхьаьна. Цигахь видеофильм йоккхуш вара иза "ЧВК Вагнер" тобанах лаьцна.

– Дийцахь, хIун дара хьуна цигахь гинарг?

– Сан аьтто белира тайп-тайпана Шема ган, амма, со кхийтира тIом бара аьлла доцуш, адамаш массанхьа а цхьатерра хиларх. Лаамаш а бу церан цхьатерра: сихха тIом дIаберзар. ХIунда аьлча тIом дукха ирча бу, цхьа а романтика яц цуьнца.

– МухIажарийн ларе кхача аьтто белирий шун?

– Белира, вуьшта мухIажарийн яцара иза, тIеман йийсархойн лагерь яра. Башхаллах кхетар мехала ду кхузахь, хIунда аьлча иза официалан статус ю, ИГИЛ-ра схьаяьхначу территорешкахь схьалийца курдийн аьтто баьллачу нехан. Нохчийн берех лаьцначу филман видео оха Аль-Хол лагерна чоьхьа яьккхира, иза йоккха ю масех километр. "Исламан пачхьалкх" тобано дIалийцина хиллачу территорешкара Шемара а, Иракъера а зударий а, божарий а бу цигахь бехаш.

Цигахь базар санна меттиг ю кхачанан сурсаташ дуку. Тхан фильман турпалхоша хи а, жима-тIама кхача а оьцуш хилла цигахь. Лагерехь мехаза кхача ло, коьртачу декъана дуга.

"Запрешенные дети" фильмера сурт
"Запрешенные дети" фильмера сурт

Кхечу пачхьалкхашкара зударий лагеран цхьана декъехь латтош бу, шалха тIеман ха а деш. Курдаш кхетадо иза, уьш вуно кхераме хиларна бохуш. Берриг а кхечу пачхьалкхашкара божарий набахтешкахь латтош бу.

Боберашна лерина цIенош а ду цигахь. Шаьш латтош бу кIентий-кхиазхой. Уьш а кхераме лоруш бу. ЙоIаршца цу бесса чIагIдина дац хьал, цо гIо дина тхан фильман турпалхошна а, цо аьтто бира тхан уьш оцу жоьжахатера арабаха.

Кхеча пачхьалкхашкара зударий базар ца бохуьйту. Хи эца зударий рогIехь латта дезаш хуьлу 3 дийнахь. Цундела бераша накъосталла до – царна бакъо ло, еш дуьхьало а йоцуш, дIасалела. Дийна биса ша-тайпа агIо карийна цигахь цхьаболчарна: бераш базар доьлху, кхачанан сурсаташ оьцу, юха уьш лулахошна дIадухку, жимма мах тIе а тухий. Сан фильман турпалхоша шайн четарна чохь жима туька йиллинера. Махбеш хиллера базарара хи а, кхин долу кхачанан сурсаташ а духкуш. Кхин а пиряжкаш еш а хиллера цара, юха уьш лулахошна дIа а юхкуш. Амма гIаролхошна гучудаьлла хиллера и гIуллакх, цара дIачIегIира туька.

– Эскархошца а, меттигерчу бахархошца а къамел дан аьтто хилирий шун? ХIун дийцара цара?

– ЙоIарий схьабаларх лаьцна эскархошца барт баре сатесна яра со. Кхето гIертара, церан дуьненаюкъараллерчу имиджана иза дика хирг хиларх. Дера, хаза къамелаш дора цара, амма кхин тIаьхье цахилара церан.

Цига йоьдуш сан Iалашо яра, йоIарий схьа а карийна, царах документалан фильм а яьккхина, цул тIаьхьа Оьрсийчу юха а еъна, бакъонашларъярхой меттахбаха. ХIунда аьлча цул хьалха курдаша чIагIдора, уьш цигахь бац бохуш. Цаьрца сан видео гучуяьлча, кIелхьарбовла меттиг яцара церан, йоIарий оцу лагерехь бац аьлла. Уьш лагерехь а карийна, царца цхьаьнакхетча, эха шарахь царна тIера ойла дIацаялара сан.

Запрещеные дети" фильмера сурт
Запрещеные дети" фильмера сурт

Царах цхьамма, Маликас, маьршаяьккхинчул тIаьхьа дийцира соьга, шаьш хIора денна долхаа дуьххьара тхо цхьаьнакхеттачу метте бохуш, со цигахь шайна кароре ладоьгIуш а, шаьш дIадигаре сатуьйсуш а.

Цуьнца цхьаьнна Кузнецова Аннас ( Оьрсийчоьнан берийн омбудсмен. – Билг. ред.) йоIарех лаьцна шеца дийца баьхкича аьллера, шена царах лаьцна дуьххьара хезаш ду, уьш кIелхьарбахарехь дакъалаца ша дагахь яц аьлла, оццу хенахь, суна билггал хаьа, цул дуккха а хьалха оцу йоIарех лаьцна досье цуьнан стола тIехь Iуллуш хиллашехь. Кузнецован гIоьнчаша хIоразза а телефон охьакхоссара, ас тоьхча.

– ЦIадалош берашца хабар дийца аьтто белирий хьан? ХIун дийцира цара хьоьга?

– Со тахана а ю йоIарийн доьзалца а, йоIаршца а зIенехь. Со церан "крестная" олу нана хета суна, со иудейхо елахь а, ткъа йоIарий бусалба белахь а. Иштта дахаран го бу-кх.

ЦIакхаьчначул тIаьхьа уьш меттигерчу дарбанан хIусаме охьабехкира. Цигахь церан могашаллан хьал муха ду хьаьжира. Уггар дукха эшам хилларг Рукъият яра, цуьнан 5 шо ду, иза Шемахь йина ю. Лагерера оха уьш дIабигча, аьнгали болуш санна бара уьш, тIехь масканаш йолуш санна. Iадда ховший Iара уьш, цхьана хIуманна тIе бIаьрг а бугIий. БIаьргах хи ца долуш, хьоьжийла дацара цаьрга. Со чIогIа кхерара цаьрга хатта, хIун лайр аш аьлла.

Оха уьш лагерера дIабуьгуш, йоккхахйерг, Фатима, дукха Iадорна карара яла гIертара тхо дIаккхаччалц. Иза цатешара шаьш доьзале дIабала буьгуш хиларх. Иза тешна яра, шаьш дохка дуьгуш ду бохучух.

– Карарчу хенахь муха Iаш бу уьш?

– Йохарий лартIехь долчу дахаре юхабирзина. Уьш метигерчу школе лелаш бу, шаьш бина денош даздеш бу йо1арий, ткъа иза дика билгало ю. ХIунда аьлча, Шемахь Iамош хилла уьш, вина де даздар хьарам ду, бохуш. Царна чIогIа еза шайн дейиша Разет, иза ю царна хIинца ненан а, ден а метта.

***

Шемахь а, Иракъехь а буьсуш бу эзарнаш Оьрсийчоьнан махкахой. Дукхаха берш бу царах "Исламан пачхьалкх" тобанан тIемалойх бисина зударий а, бераш а. Кавказ.Реалиино хьалха а яздина даймахка цIаберзаре хьоьжуш тахана а мухIажарийн лагершкахь буьсучу нехан кхолламех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG