ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралла: харжамашкахь харцонаш лелла яц


Уильям Барр, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Инарла прокурор
Уильям Барр, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Инарла прокурор

Шинарин дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Инарла прокурора Барр Уильяма дIахьедарца, юстицин министраллина ца карийна 2020-чу шеран президентан харжамашкахь яккхий харцонаш лелийна, цара жамIанна тIеIаткъам бина ала меттиг. Президента Трамп Дональда шегара толам дIабаьккхина бохуш дечу аьрзнийн лорах гIаттийначу талламо бина Барр дIакхайкхош болу сацам.

"Ассошиэйтед Пресс" агенталлина еллачу интервьюхь Барра аьлла, прокуратура а, ФБР а ю аьрзнаш, масала, электронан машенаша кхаьжнаш иэбина аьлла Трампа дина дIахьедар толлуш. Амма "тхуна ца хааделла харжамийн жамI хийццал йина яккхий харцонаш", боху Американ Штатийн инарла прокурора.

Прессо тоьшалла дарехь, олийла дац Барр Уильяма озабезам бина президентаца къийсалучу агIонна – иза шен политикан хьажамца юхьанца дуьйна лаьттина Трампехьа.

Трамп Дональдан штабо масех арз чуделла кхелашка харжамийн жамI къуьйсуш. Ткъа и аьрзнаш бух боцуш хиларна талла тIе ца ийцира дуккха а кхелахоша, царалахь бара Республикан партин декъашхой а тIехь.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарже кхача оьшу харжамкъасторхошкара 270 кхаж. Байден Джос 306 кхаж баьккхира харжамийн юьххьехь, Трампехьа бара 232 кхаж. Официалехь тоьллачу президентан цIе йоккхур ю ГIуран-беттан I4-чу дийнахь.

Трамп Дональда дIахьедина ша дакъа мега рогIерчу президентан харжамашкахь, аьлла. "Вуно хаза диъ шо дара дIаяхана хан. Тхаьшна кхин а диъ шо даккха кечлуш ду тхо. Аьтто ца балахь, гурд у вай диъ шо дIадаьлча",— аьлла цо.

XS
SM
MD
LG