ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шалажан юьртдас харцдина, францхойн хьехархо вийнарг вазвеш, шаьш ураман цIе хийцина бохург


Инстаграм социалан машанан скриншот
Инстаграм социалан машанан скриншот

Нохчийчуьрчу Шалажан юьртдас Магомадов Салмана харцбина Францехь хьехархо Пати Самюэль вийначу Анзоров IабдуллахIан сийдеш, цуьнан цIе туьллуш, эвлара ураман цIе хийцина аьлла цхьаболчу Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша баржийна хаам.

Царах цхьаъ ду "Московский комсомолец" газета. Цо хаам бо, АнзоровгIеран доьзал Шалажера схьабаьлла хиларх а, цигахь кху деношкахь цхьамма ураман "керла цIе" тIехь йолу табличка тIелатийна хиларх а лаьцна. Амма газета ша а цунах тешаш цахилар го текстан чулацам бешча.

Шалажан юьртдас бахарехь, ураман цIе хийцина бохург аьшпаш а бу, иза питана а ду. Цуьнан дIахьедар далийна шен инстаграмерчу агIона тIехь Нохчийчоьнан зорбанан а, хаамийн а министра Дудаев Ахьмада.

Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Социалан машанашкахь пIераскана сарахь дуьйна даржочу суьрта тIехь Анзоров IабдуллахIан цIе тIеязйина аьчка ураман билагалонан у ду Шалажахь Шерипов Асланбекан цIарахчу урамехь газан биргIанна тIелатийна.

Иза цхьана меттехь а бен ца хиларо гойту динарг цхьамма шеггара лелийна хIума хилар, элира, Маршо Радиоца къамел деш, шен цIе Рамзан ю аьллачу оцу эвларчу вахархочо.

"Цхьана ураман цIе тхан юьртахь хуьйцуш хлча цунна цIе тилла езара муьлш бу цахуучу наха йийначу тхан эвларчу бакъонашларъярхочун Садулаева Заремин цIарх". - бохура цо.

"ТIахье кIелхьарйоккхур вай" (Спасём поколение) цIе йолчу Iедалшца йозуш йоцчу организацин белхахой - зудий, майрий, Садулаева Зарема а, Джабраилов Алик а дийна карийнера 2009-чу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Заводской олучу кIоштахь. Цу шинна герзаш диттина нах каронза бу тахана а.

Нохчийчоь -- Садулаева Заремин докъан ламаз деш бу иза дIаюллучу дийнахь тезета баьхкина нах, Шалажа, Товбеца-беттан 11-гIа де, 2009-гIа шо.
Нохчийчоь -- Садулаева Заремин докъан ламаз деш бу иза дIаюллучу дийнахь тезета баьхкина нах, Шалажа, Товбеца-беттан 11-гIа де, 2009-гIа шо.

Шен цIе яккха ца лиинчу кхечу Шалажера вахархочо бакъдира юьртахь у оьллинчу урамехь хилар керла асфальт биллина хилар. Цо бинчу хаамца, Анзоров IабдуллахIан дакъа цIадохьуш богIу цуьнан гергарнаш, ткъа иза дIавуллур волу ву юьртарчу кешанашкахь.

  • 47-шо долу Пати Самюэль вийна кхушара ГIадужу-беттан 16-хь. Цул хьалха цо дешархошна урокехь дешан маьрша йийцаре еш гайтина хиллера Charlie Hebdo журналана тIехь араевлла Мохьаммад-Пайхамарна ехкина карикатураш. Цул тIаьхьа кхерамаш туьйсуш хиллера цунна.
  • Пати верна бехке лору 18 шо долу Москвахь вина нохчо, дуккха а шераш хьалха дуьйна доьзалца цхьаьна Францехь вехаш хилла Анзоров Iабдуллахь. Поицино лоцуш вийра иза, герз а тоьхна.

"Эту cтатью на русском языке можно прочитать здесь:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG