ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракт кечъярна нохчочух шеко ю Австрин Iедалан  


Ибрагимов Мохьмад кхелехь, 2017 шо

42 шо долу Оьрсийчоьнан махкахо Австрехь теракт ян дагахь хилла аьлла, шеко йолуш ду оцу пачхьалкхан Iедалш, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цунах лаьцна яздо меттигерчу Heute таблоидо Рид-им-Иннкрайс гIаларчу прокуратурана тIа а тевжаш. Дийцарехь, иза теракт ян дагахь хилла ГIуран-беттан 11-чу дийнахь, хенал хьалха набахтера ша араваьллачул тIаьхьа. Ибрагимовна хан тоьхнера террорхойн декъахь хиларна.

2017-чу шарахь Товбеца-баттахь Ибрагимов Мохьмад (Абу Хьамза а олура цуьнах) чувоьллира Австрин кхело, 7 шо хан а тоьхна. Прокуратуро цунна бехкедуьллура террорхойн декъахь хилар а, Гуьржийчохь меттигера пхи вахархо вер а.

И зуламаш Абу Хьамзас дина бохура 2012-чу шарахь, Гуьржийчуьрчу Лопота чIаже шеца 17 нохчо а вигина, уьш Дагестанехула Нохчийчу бига гIертачу хенахь.

Ткъа Абу Хьамзас , мелхо а, ша Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) агент а волуш, тIемалойн тобанна юкъавахийтина вара, оцу тобане шен Iалашо кхочуш ца яйта, бохуш чIагIдора талламчашка а, кхелехь а.

Бехккъасторхоша иза цунна тIебаьхьначу шина бехках цхьаннах кIелхьараваьккхира – гуьржийн эскархой цо байина хилар тоъал тоьшаллаш дац, аьлла, юхадаьккхира.

ГIуран-баттахь Ибрагимов хенал хьалха набахтера аравала везаш вара. Ша дIахецале шеца камери чохь болчу нахе дийцина цо, боху Heute газето, ша теракт кечъян дагахь хиларх лаьцна. Оцу таблоида чIагIдарехь, Зубен гIалахь дан дагахь хилла нохчо эккхийтар. ХIинца и гIуллакх толлуш ю терроризмца къийсам латторан а, конституци ларъяран а федералан урхалла.

Прокуратура дагахь ю, яздо газето, Ибрагимов хенал хьалха араволуьйтуш хиларна латкъам бан я иза лаца, дерартаци яллалц набахтехь латто.

Ибрагимовна политикан тховкIело еллера Австрехь 2005-чу шарахь, Оьрсийчохь иза хьийзош хила мега аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG