ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра коронавирусана духьал вакцина эца дагахь яц Туркойчоь


Туркойчоь дагахь яц Оьрсийчохь яьккхина коронавирусана дуьхьал вакцина эца. Цунах лаьцна яздо Reuters агенталло, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Туркойн-мехкан могашалла Iалашъяран министро Коджа Фахреттина дIахьедина, препарат лабараторин оьшучу зерах чекхяьлла яц, цундела цхьаьна пачхьалкхан бакъо яц иза лело аьлла.

Министро цIе ца яьккхиyа вакцинин, амма хьалхо Оьрсийчоьнан могашаллан министралло хайитинера Туркойчоь лууш хиларх лаьцна шайгара "Спутник V" вакцина эца. Иза COVID-19 пандемина дуьхьал яьккхина дуьххьарлера вакцина яра, регистраци йина йолу.

Reuters бинчу хаамца, Туркойчоьно 50 миллион доза вакцина эцна Китайрчу Sinovac Biotech компанера. Туркой дагахь бу вакцина тоха йоло ГIуран-бутт чекхболуш.

Туркойн могашаллан министро бинчу хаамца, Анкара иштта дагахь ю 2021 шо чекхдолуш коронавирусана дуьхьал яьккхинчу препаратан 25 миллион доза эца Pfizer а, BioNTech а компанешкара.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG