ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ федералан махбаран комиссино лехам айина Facebook-на дуьхьал


The logo of the US online social media and social networking service, Facebook.- generic
The logo of the US online social media and social networking service, Facebook.- generic

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а федералан махбаран комиссино а, 46 штатан прокурораша а, кхин а шина кIошто а лехам айина Facebook-на дуьхьал иза бехке еш, кокуренташ охьатаIорна а, монополина дуьхьал низам дохарна а.

Регуляторша бинчу хаамехь дуьйцуш ду, Facebook бакъо йоцуш шен монополи латтош ю социалан машанашкахь, кхиаме хила мега конкурташ а оьцуш.

Федералан махбарехула комиссино дехар дина кхеле Facebook-на тIедожадахьара аьлла, Instagram а, WhatsApp а йохкар а, тIейогIучу хенахь оцу кепара махбеш шайгара пурба дехийтахьара а аьлла.

Facebook-ан векалша дIахьедина, кхиаме болх беш йолчу бизнесна таIзар деш ду Iедал аьлла, масийтта шо хьалха оццу Федералан комиссино Instagram а, WhatsApp а эца шайна бакъо елла хилар дага а доуьйтуш. Цара дийцарехь, компанино миллионаш долларш инвестицеш йина и сервисаш кхиаме хилийта. Facebook ша бакъхилар гайта дагахь ю кхелехь.

  • Facebook – уггар боккха социалан маша бу кху дуьнентIехь, шех пайда оьцуш 2,7 миллиард стаг а волуш. Рынкехь цуьнан мах бу 800 миллиард доллар, ткъа компанин инарла директор Цукерберг Марк ву уггар хьал долчу 5-а стагана юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG