ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада": кегийрхошна юкъахь Путинан рейтинг охьаяьлла шозза гергга


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, 2019-гIа шо
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, 2019-гIа шо

Путин Владимиран рейтинг юьсуш ю карантин юкъаяккхале хиллачу тIегIантIехь. Нагахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш гергарчу мукъачу деношкахь хилча, цуьнгахьа кхаж таса кийча хир бара 39% бахархой.

Цунна тоьшалла ду "Левада-центро" бинчу талламан жамIаш, яздо Маршо Радион Оьрсий сервисо, "Открытые медиа" зорбан-гIирсана тIе а тевжаш. 2019-чу шарахь ГIуран-баттахь Путинехьа кхаж таса кийча бара 38% Оьрсийчьура бахархой.

Цхьана шарахь 36% тIера 20% охьадаьлла 18-24 шераш долчу кегийрхошна юкъахь Путинехьа кхаж таса лууш болчеран дакъа.

40-54 шераш долчу нехан президенте болу безам мелхо а алсамбаьлла - 31% тIера 39% кхаччалц.

25-39 шераш долчеран а, 55 шерал тIех бевллачеран а лаам кхин хийца ца белла. Шо хьалха шаьш ма-хиллара, 30% процент бу Путинехьа кхаж тосур болу хьалхарнаш, ткъа шолгIанаш бу - 51%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG